ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчохь дерриг ахча Путинан ахча ду"."Пандорин Архив" схьайиллича…


Vladimir Putin Pandora paper collage
Vladimir Putin Pandora paper collage

Оьршоьтан дийнахь масех Малхбузерчу пачхьалкхийн Iедалша а, низам лардечу урхаллаша а дIахьедина, шаьш кIоргга талламаш бийр бу араяьллачу "Пандорин Архив" материалехь низамаш талхорца доьзна Iорабаьхначу нахалахь шайн бахархой буйла толлуш, аьлла. Къайлахчу архиван рогIера документаш даьржича, дуьнентIерачу иттех сов юрисдикцехь йолу офшорийн компанеш йовзийтича, журналисташа бан болийначу талламийн лорах ду дина дIахьедарш. "Панамера кехаташ" зорбане даьхначул тIаьхьа довзийтинчу документийн бараме кхоччуш ду хIинца йовзийтина архив – дуккха а баккхий хьакамаш а, пачхьалкхийн куьйгалхой а бу тептарахь. Оцу могIаршкахь карийна Путин Владимиран гонера Оьрсийчуьра бахархой а, ю царалахь журналисташа Оьрсийчоьнан президентан езар, цунна йинчу йоьIан нана шех олуш йолу Кривоногих Светлана а.

"Пандорин Архив" арахецначу Дуненаюкъарчу журналистийн-талламчийн консорциумо (The International Consortium of Investigative Journalists, ICIJ), бахарехь, талламна буханисделла 12 миллион документ евзаш йоцчу хьостанера цуьнга кхаьчна шо хьалха. И кхо терабайт гергга йолу материалаш листина дерриг дуьнентIерачу журналисташа. "Пандорин Архив" шен дукхаллица "Панамерчу кехаташка" кхочу, амма башхалла ю цуьнан, карадаьхкина документаш цхьана меттера а доцуш, офшораш тIечIагIъеш йолчу кеп-кепарчу 14 компанера хилар. Оцо чолхене доккху, стенгара евлла и архиваш боху хаттар, гойту хакерша уьш Iораяьхна цахилар (Mossack Fonseka компанино чIагIдора, "Панамера кехаташ" даьстинарш хакерш бу, бохуш). Финансашца леладен зуламаш Iорадохучу Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министраллерчу цхьана декъан (The Financial Crimes Enforcement Network, FinCEN) документаш а девлира нахала – цигахь а бира бехке хакерш.

"Пандорин Архивехула" гучуевллачу яккхий цIерашлахь ю Урдунан паччахьан IабдаллахI ШолгIачун цIе – цо офшорийн фирманашкахула 100 млн сов доллар дайъина Британехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а гIишлош оьцуш (ша IабдаллахIа официалехь бакъдина иза, бехкбиллина журналисташна, ша а, шен доьзал а кхерамна кIел тесна, аьлла). Документаша тIе IиндагI дожийна Британехь премьер Iийначу Тони Блеерна а (цуьнан векалша официалехь харцдина цо хIусам оьцуш, йолах хьалхавалархьама, офшорах пайдаэцна бохург), Чехин премьер-министрна Бабиш Андрейна а (Би-Би-Си радион корреспондента цуьнга, цо стенах эцна Францехь вилла, аьлла, хаьттича, тIара тоьхна Бабишна хадечу ницкъхочо), Украинан президентна Зеленский Владимирна а, иштачу тептаршка кест-кеста нислуш волчу Азербайджанан президентна Алиев ИльхIамна а, цуьнан доьзална а (Британехь масех бIе миллион долларна гIишлош эцна АлиевгIара).

Йоху "Пандорин Архивехь" цIерш Оьрсийчуьрчу нехан а (52 стаг). Бакъду, "Панамера кехаташ" дагалаьцча, кху тептарахь яц пачхьалкхан куьйгалхойх лаьцна сенсаци – хьалха Iорадаьхначу документаша вовзийтира "Путинан бохча", олий, журналисташа хьехош хуьлу виолончелист Ролдугин Сергей. "Арахьарчу агентийн" статусе яздинчу "Важные истории" ("Мехала истореш") газетан журналисташна карийна тептаршкахь Первый канал (Хьалхара канал) телекомпани карахь йолчу Эрнст Константинан цIе – офшорехула дакъалоцу цо, Москвахь тиша кинотеатраш йоха а еш, чохь кинотеатраш йолу керла супермаркеташ йохкуш. Хоуьйту "Пандорин Архиво" Путинан къайлаха езар хилла бохуш юьйцучу, цуьнан йоьIан нана лоручу Кривоногих Светланин Монако махкахь офшорхула эцна апартаменташ хилар – Путинан доттагIчунна, бизнесменна Тимченко Геннадийна тIеязйина ю и петар. Хьахош бу гучудевллачу документаша Оьрсийчуьрчу "Ростех" корпорацин куьйгалхочун Чемезов Сергейн доьзал а – офшорехула цо доладо 22 миллиард соьмах эцначу бахаман, юьцу оцу могIарахь яхта а, Испанера вилла а.

Эрнст Константин, Кривоногих Светлана, Чемезов Сергей, коллаж
Эрнст Константин, Кривоногих Светлана, Чемезов Сергей, коллаж

"Пандорин Архивца" болх бину журналисташа бахарехь, документашкахь хьехочу Оьрсийчуьрчу даржхоша, ма-дарра аьлча, ца талхийна низам, ала хIума дац цаьрга, моттаргIанаш лелорна бехк биллар доцург: патриотизмах, "Малхбузенан кийтарлонех" лаьцна къамелаш а деш, шайн ахча Малхбузехь кхобу цара, церан бераша шайн хиндерг аьттехьа а ца дузу Оьрсийчоьнца – ша масех шо даьлча Швейцарин паспорт схьаоьцур ду, яздора, масала, лечкъа а ца деш, депутатан Слуцкий Леонидан йоIа.

Iорадевллачу документийн хьокъехь дуьйцу Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь оцу документашца болх бинчу "Важные истории" газетан журналиста, коррупци а, зуламашна вовшахкхетта тобанаш а зуьйчу Центран (Organized Crime and Corruption Reporting Project, OCCRP) регионалан редактора Шлейнов Романа.

– Дуьххьара гучуйовлуш яц и тайпа материалаш. ХIинца девзину документийн хIун башхалла ю?

– Цецвоккхург уьш вуно дукха хилар ду. "Панамера кехаташ" а дара дукха, амма дуьнетIехула офшораш чIагIеъчу цхьана структурера дара, ткъа хIинца девзинарш и снначу масех меттера ду. Офшораш латтош болу дуккха а регистраторш а, юридикан фирманаш а йовзуьйтуш. "Пандорин Архив" хьалха карийначу материалел дуккха а йоккха ю.

– Оцу документашца йолчу "Оьрсийчоьнан лорах" хIун алалур дара? Йовзуьйтучу цIерашка хьаьжча, и лар тIех йоккха сенсаци луш а яц.

– Гуш йолу лар а ю тидаме эца торуш. Кхузахь кхето деза, стенна гIерта Оьрсийчуьра бизнесхой офшорашка. Стенна ца тосу уьш цара дIа? Дера ца тосу шаьш цIерачу бизнесан тIаьхьалонах тешаш бацарна. Оьрсийчохь хьал цхьа а тешам боцуш, гаранти йоцуш, кханалерчу дийнах бIобулийла доцуш ду, бизнес хьайгара маца дIайоккху а ца хууш. Даржхойх, пачхьалкхан, политикан векалех, пачхьалкхан компанийн куьйгалхойн доьзалех дерг аьлча, царна а го сурт иштта. Телевизорш чохь, пропагандин гуламашкахь кепаш мухха а лелаяхь а, Iедална муьтIахь шаьш болуш санна лелахь а, уьш дика кхета пачхьалкхехь цхьа а хIума тешаме доцийла, хиндерг гуш доцийла. Муьлххачу а даржхочуьнца ахь камел дича, гуш ду иза доллучух а дика кхеташ хилар. Церан гергарчу нахах дукхахберш Оьрсийчоьнал арахьа беха. Уьш ма-хуьллу сиха шолгIа паспорт дакха хьовсу, арахьа фондаш кхуллуш хьийза – муьлххачу а хенахь шайна дIабаха аьтто кечбеш я шайгара таронаш берашка дIалуш бу. Оцунна некъ цхьаъ бен бац – офшораш, хIунда аьлча, Малхбаленна шаьш маьршша бовзийта ца баьхьа уьш. Ур-атталла президентан гонера нах а, церан гергарнаш а хьийза шайна юьстахара бух лохуш, халкъанна хьалха, Оьрсийчохь дерриг а дика ду, бохуш, шаьш патриоташ гойтуш, моттаргIанаш лелаяхь а. Ткъа вайна гуш ду иза иштта доцийла, шайн хьал къайладаьхьина хьийза уьш, лечкъадо цхьацца офшорашкахь, трасташкахь.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (Аьр), Ростех корпорацин куьйгалхо Чемезов Сергей а
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (Аьр), Ростех корпорацин куьйгалхо Чемезов Сергей а

Цхьадолу церан хьал схьадалар стенгара ду хаалуш хуьлу, цхьадерг – ца хуьлу, масала, стенгара даьлла иттанаш миллионаш долларшкахь ахчанаш пачхьалкхан компанин куьйгалхочунна, цуьнан алапа, тIедогIу рицкъ, декларацино бахарехь, дукха а ца хилча? Ма-дарра аьлча, кхеташ ду и ахчанаш стенгара девлла, уьш къайленехь латто деза ахчанаш ду.

Масех шо хьалха тхуна дийцира эксперташа, ахча схьадаьлла меттиг цахьехорхьама, иза стенах духку цахаийтархьама лелош йолчу офшорех лаьцна. Оцу наха вовшашка дIасакхуьйсу векселаш, декхарш, тIаккха уьш дуьту, "гечдо", иштта ловзадо ахча, лар йойъуш. Шаьш наханна хьалха неIалташ хьежочу Европехь шайна бенаш боьгIна цара.

– Алссам дийцахь, хьо автор а волуш, "Важные истории" газето бинчу талламех – Путинан гонерчу нехан офшорех я Путинах чIогIа тера ю олучу йоьIан ненан Кровоногих Светланин гIишлойх лаций.

– Оцу зудчух тхуна хиинарг ду офшоран компанехула цунна Монакохь гIишлош нисйина хилар, корех ара хIорд а гуш, уллехь казино а йолуш, дика петар ю иза. 2000-чу шерийн юьххьехь дуьйна ю иза цуьнан, елла цунах 3,6 миллион евро.

Brockville Development цIе йолчу офшоран фирмина тIеязйина ю The Monte Carlo Star куьпара цхьа петар – 2006-чу шарера лаххара а 2017-чу шаре кхаччалц цуьнан бенефициар яра Кривоногих Светлана:

Петар офшоран компанехула эцна. Тхуна гучудаьлла Кривоногих Путинан уггаре а уллерчу гонца зIенехь хилар – офшоран долахо лоруш йолчу компаница гергарлонашкахь Путинан кхиболу доттагIий а бу. Масала, оцу компанех пайдаэцна мехкдаьттан Gunvor трейдеран миноритаран дакъа долахь долчу Тимченко Геннадийца а, Путинан бераллера схьа доттагI волчу Колбин Петрца а уьйрашкахь болчу наха. Со кхета, конторийн дуккха а клиенташ хуьлийла ду, амма оццул чIогIа оцу компаница возавелла волу стаг президентан гонера ца хуьлийла дац. Кривоногих Светланех лаьцна "Проект" газето хьалха яздина хилларг бакъдеш информаци ю иза ("Проекто" ше талламехь къадийра, Кривоногих Светанин йоьIан да Путин хила тарло, аьлла - "вуно тера ю йоI президентах", бохура цо, цул тIаьхьа масех журналистна карийра йоьIан суьрташ интернетехула – М.Р. билгалдаккхар).

Президента кест-кеста олу, "офшорашца дерг дита деза", хьоьху бизнесменашна ахчанаш цIехьадерзор, амма вайна го цо иза дуьйццучу хенахь цуьнан уллерчу гоно офшорех пайдаоьцуш. Я и нах бац-те цо буьйцурш? ХIун дара-те цо шен гергарчарна тIера, доттагIашна, церан доьзалшна тIера дIадолийча, цул тIаьхьа кхечу бизнесменашка дехча? Амма хаьа бизнесменашна гонаха мел дерриг а лачдаьлла дуйла. 2011-чу шеран "ГIуллакхаллин Оьрсийчоь" форумехь Путина офшораш дIатаса бохура бизнесменашка, амма хIетахь беламе баьккхира цуьнан кхайкхам. Стенна? Суна хетарехь, вайн дукхахболу совдегарш кхета президентан гергарчу наха, доттагIаша офшораш юьтур йоцийла. Кхайкхамаш бо дуккха а, амма бизнесо хоьтту: стенна лелайо и моттаргIанаш?

– Ма-дарра аьлча, Кривоногих Светланина петар Путинан ахчанах эцна-кх?

– Оьрсийчохь дерриг ахча Путинан ахча ду. Пачхьалкхехь муьлхха а бизнес цу сахьта дIалакъалуш ю, ваьхьина бизнесмен набахти чу кхоьссичхьана, воккха совдегар вуно сиха, къехо вой, охьахааво, масех де даьлча цхьа а воцург хуьлу цунах, ткъа цуьнан активаш тIепаза йов – оцу хьелашкахь пачхьалкхера дерриг ахча а ду Путинан ахча. Бакъо йоцу нах бу вайн бизнесменаш. Уьш стенна гIерта Британе, стенна дIалечкъадо цара шайн ахча офшорашкахула? Шайгара иза муьлххачу а минотехь дIадаккхалур дуйла хаьа. Доккха хьуьнар долуш стаг ву Оьрсийчохь бизнесмен, цо бизнес лелайо, иза шегара харц дош доллушехь я аьлларг харц кхетошшехь, дIайоккхур юйла а хууш, вохон тарло иза цуьнан активаш цхьанна хазъелча а.

– Дукха дуьйцу Оьрсийчоьнан Iедалхоша офшораш йита еза бохуш, ткъа муха ду цаьрца дерг Малхбузехь? " Пандорин Архивехь" Малхбузера политикаш а, бизнесменаш а бу вуно дукха, делахь а цигара президенташ ма бац офшораш йита дагахь?

– Кхечу мехкашкахь иза оьздангаллица дозало. Цхьамма а ца боху бизнесменашка офшораш йита. Ма-дарра ала вай, уьш лелор низамца галморзадолуш хIума дац. Iедало ца магош дерг офшорийн гIоьнца чекхадаккхар дац вай дуьйцург. Дуьйцург ду, Iедало дIакхайкхош дерг а, баккъал а лелаш дерг а. Оьрсийчохь Iедало йита боху офшораш, цIехьа дерзаде ахча, боху, ткъа коьртачу хьаькамийн векалш, доьзалш, гергарнаш бац къарлуш. Малхбузехь хьаькаме, Iедална герга волчуьнга хотту: офшорехь стенна лттадо ахь ахча? ХIун лачкъо воллу хьо халкъах? Ял дIалуш вац хьо? Я ахча дIаса а даьккхина, низамехь яла еза ял дIа ца яла воллу хьо? И хеттарш лаьтта цигахь диллина – гирий хьуна, мел яккхий дебаташ гIевттира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу яккхий IT-компанеша, Ирланде а, кхечунхьа а интеллектуалан бахамаш дехьа а бохуш, Iедална ял кIезиг луш юйла гучудаьлча? Америкерчу сенаторша бохура: шу кхузахь мехкан ресурсех пайдаоьцуш ду, пачхьалкхерчу экономиках дозу, шайн бизнес аш кхузахь кхоьллина, ткъа ял аш могIарчу бахархоша лучул а кIезиг ло. Делахь а дац цара талхош низам, цу тIе, Iедалан юристашкахь болчул а ницкъ сов бу цигарчу корпорацийн юристашкахь. Корпорацешкарчу юристашна карабо низамо хIиттийна дуьхьалонаш юьстахъюьту некъаш, ял ялар аттачу доккху кепаш, амма талхош дац цхьа а низам. Оьрсийчьура бизнесменаш офшорашка тоьттург ял яц, хьал кхераме хилар ду, низамо луш гаранти яцар ду, кхелашкахь нийсо цалелар ду.

Ткъа суна, журналистна, хаа луург бизнесменаша лелориг дац, суна хаа луург ду политикаша а, хьакамаша а лелош дерг. Тамаше ду тхох "арахьара агенташ" а деш, "тоьлла болу" Iедалхой шалха паспорташца бехаш хилар, офшорашка баьхна баккхий бахамаш а болуш хьийзар (масала, "Пандорин Архив" толлуш журналисташна гучуделира Оьрсийчоьнан арахьарчу министран Лавров Сергейн нуц, банкир, совдегар Винокуров Александр Израилан паспорт долуш вуйла а, "Транснефть" корпорацин президентан Токарев Николайн йоI а, нуц лаьттинарг а Кипран паспорташ кисаншка дехкина лелийла а – М.Р. билгалдаккхар).

***

Материал кечъечу юкъанна 9 пачхьалкхерчу Iедалша талламаш болийна " Пандорин Архиван" материалийн лорах.

Таламийн персонажашка язбина Малхбузера политикаш шаьш бакъбан гIерташ хьийзачу юкъанна Оьрсийчуьрчу Iедалхоша талламийн мах божаш къамелаш до, Малхбузерчу пачхьалкхашна лен а луьйш.

Путин Владимиран пресс-векала Песков Дмитрийс, "башха инзаре хIума" а ца гина араевллачу материалашца Кремелна, аьлла, ца гина боху цо я "къайлабаьхьина бахамаш" а. Арахьарчу гIуллакхийн министраллин векала Захарова Марияс талламаш хьахош дагадаийтина Американ Цхььнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена коррупцица къовсам латтор шен белхан коьрта Iалашо ю алар а, оцу юкъанна "Пандорин Архиво" Цхьанатоьхначу Штаташ "Iедална ял цалучийн коьрта бен" бу алар а. Документашкахь хьахийначу Оьрсийчоьнан бахархойх цхьана Эрнста Константина елла комментари шен офшорашкарчу бизнесах доьзна, бакъду, жоп дац цо оцу хьокъехь аьллачуьнца: "Важные истории" газета, цунна гарехь, "Америкерчу къайлахчу сервисийн омранаш тIеоьцу организаци ю", цуьнан "цхьа а юкъарло дац маьршачу журналистикаца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG