ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь ипотекан процентан уггар лекхара барам Нохчийчохь гучубаьлла


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Гайтаман сурт

Ипотекан процентан йуккъера барам Нохчийчохь чиллан-баттахь 11,1% хилла, амма Оьрсийчохь йуккъера барам бу 7,9%. Регионашлахь уггар лекхара терахь ду иза, йаздо Центробанкан зерашна тIе а тевжаш, хьукматийн йукъара Цхьааллин хаамийн-статистикан системо.

Цхьана шарчохь (2022-чу шеран чиллан-беттаца дуьстича) Нохчийчуьра ипотекан процентан барам 1,7% лакхабаьлла.

Пачхьалкхехь йезачу ипотекийн рейтингехь шолгIачу меттехь йу Кхарачой-Чергазийчоь – кхузахь йуккъера барам бу 9,6%, цхьана шарчохь и терахь хийца а ца делла (+0,01 п.п.). ЙоьалгIачу меттехь йу ГIалгIайчоь – 9,5% йуккъера барам болуш, иза жимма лахабаьлла. 2021-чу шеран чиллан-баттахь республика хьархарчу меттехь йара пачхьалкхехь йеза ипотека йолчу регионашлахь (10%).

Оьрсийчуьрчу йуккъерчу барамел лекха ду процентан терахь Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь (8,8%), Дагестанехь (8,7%), Ставрополан махкахь (8,4%), Астраханан (8,3%), Волгоградан (8,1%) мехкашкахь, ГIалмакхойчохь (7,9%). Къилбехь уггар лахара ду и терахь Краснодаран махкахь (6,4%), Адыгейхь (6,5%).

  • Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бахархоша оьцуш долчу ипотекан субсидийн барам 1,7-зза дукха бу церан Москвара, Москван кIоштара, Санкт-Петербургера а цхьанатоьхначу барамал а. "Новая газета. Европа" зорбанан талламца а догIуш, оцу тамашеначу терахьах ишта кхета мегар ду – латтанашца йохк-эцар лелош санна харц берташца бюджетера гIо ахчане дерзорца.
  • Чиллан-бутт юккъе баьллачу хенахь мехкан урхалхо Кадыров Рамзан цхьаьна а волуш, рогIера парламентан кхеташо дIайаьхьира Нохчийчохь. Масех хьаькамо къамел дира цигахь иштта вице-премьер волчу Алханов Адама а цхьаьна – цо дIахьедира, кхечу Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь республика борхIалгIачу меттигехь ю дахаран хьелаш эвсара хиларца аьлла. Пачхьалкхан "Стратегин инициативийн Агенталлин" керлачу талламна тIетевжинера Алханов, амма цо билгал ца даьккхира, бахархошка динчу хатттаршна тIехь и зераш деш хилар.Оцу юкъанна эксперташа а, федералан статистикан ларарша а и дIахьедарш харц хилар гойту.
  • Йезачу хIусамийн мехашца Париж, Лондон, Нью-Йорк тIаьхьакхоьссина Сочино – Краснодаран махкарчу садоIаран гIалано кхоалгIа меттиг йаьккхина оцу рейтингехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG