ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчохь къен ву олу сагIадоьхучу хьолтIе ваьллалчух". Болх бечарна Оьрчийчохь хин долу пенси ду 8-9 эзар сом


Путин Владимир (архивера сурт)
Путин Владимир (архивера сурт)

Путин Владимира къоьлла ю аьлла Оьрсийчоьнан "коьрта мостагI", декхаребина шен куьйга кIелхьара хьаькамаш иза минимуме кхачон. Гезгмашин-баттахь оцу хьокъехь шозза къамел дина президента: юхьанца – керлачу Пачхьалкхан Думе кхаьчначу партийн куьйгалхошца видеоконференцехь, шозлагIа – федералан Iедалерчу вице-премьерашца оццу форматехь дIаяьхьначу кхеташонехь. Къоьлла стенна ца эшаелла Оьрсийчоьне тахханалц, Iедало баккъал а латтабой-те цуьнца къовсам? Оцу хьокъехь ю Сибирь.Реалиин материал.

"Ситуаци толур йолу хьал дац гуш"

Марсхьокху-баттахь Росстато хаам баржийра, 2021-чу шеран шолгIачу кварталехь къоьлла 2% лахъелла шеран юьхьца дуьстича, аьлла. Керлачу информацино бахарехь, хенера бовла оьшучу барамал кIезиг ахча оьцуш ву 17,7 млн стаг – дерриг халкъах 12,1%. Шо долалуш къен лоруш вара 21,1 млн вахархо - 14,3% нах. Хилла хийцам Оьрсийчоьнан къинхьгаман министралло дузу беранна луш долу ахча дIасадаларца а, пандемино лахдина дахар жигардаларца а, белхазалла лахъярца а.

Бизнесмена Дерипаска Олега Росстат бехкейира терахьашца ловзарш лелорна, шен телеграм-каналехь цо яздо, баккъал аьлча, стагна ваха оьшу рицкъ минимумал лахара кхочу нах бу 80 миллион, аьлла. Амма цунна жоп луш Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс дIахьедина, Iедал уггаре хьалха тешаш дерг Росстат ю, аьлла. Цул тIаьхь Дерипаскас дIадаьккхина шен постера 80 млн терахь. Делахь а эксперташа бакъдо Росстато пачхьалкхерчу къоьллин барам лахара гойтуш хилар. Экономикан Iилманийн докторна Гринберг Русланна гарехь, Оьрсийчохь къоьллехь веха ала тарло 57 млн стаг.

– Кхеташ ду, махкахь къен бехачу нехан терахь нийса гойтуш дац. Шозза лакхара ду ала тарло иза. Совдаьккхи аш йозанехь дахарна оьшучу минимуман терахь – хIун хийцадо цо? Нах шаьш хьалха ма-хиллара къен буьсу. Нийсса кхето деза, Оьрсийчохь юккъера класс ю 17% гергга нах, кхин сов бац уьш. Доьзалехь цхьа бер лелон таро ерш, лоьрашна могашалла латторна ахча дала таро ерш, дешарх мах бала, ипотека дIалелон, кредиташ такха аьтто берш бу оццул. 3-4% бахархой бу супер-хьал долу нах. Бисинарш къехой бу ала деза, царех ах – шеко йоццуш мисканаш бу.

Эксперта билгалдаьккхира, Оьрсийчохь къехой деба тарло, дукхахболу нах экономикан къайлахчу декъехь болх беш хиларна, аьлла. Цхьаболчу тергамаша гойту болх бечу нахах 60% пенсе бахча къоьлле эга тарлуш хилар: царна уггаре лахара пенси бен лур дац пачхьалкхо – 6-9 эзар сом, хIунда аьлча, церан алапа къайладаьхьна ду.

– И проблема коьртачех ю, бегаш бац иза. Нах 2-3 белхашкахь къахьоьгуш беха, хенера бовлархьама, амма хир дац царна "дика " пенсеш. Къоьлла гойту оцу суьрто а. Алапа "конверташ" чохь эцна хилар тидаме дуьллур дац и нах пенсе боьлхуш. Шаьш пенсеш кхуьуш ду Оьрсийчохь, амма лахара ду кхиаран болар, боху Гринберг Руслана.

Гринберг Руслан
Гринберг Руслан

Экономикан Iилманийн доктора дийцарехь, Оьрсийчоь ца йолу шен бахам деба ца бича, вукху агIор – нахера йоккхучу йолан хьесапашна тIехь ойла а еш, дIасакхачо еза пачхьалкхо бахархошна ша йоькъуш йолу са. Бакъду, экспертна ца го Оьрсийчоьнан бахархойн хьал тодан Iедало къахьоьгуш.

– Путина аьлла, керлачу Пачхьалкхан Думин Iалашо ю "нах къоьллех хьалхабахар". Хьуна хетарехь, Думин ницкъ буй иза дан?

– Суна хетарехь, Пачхьалкхан Думе, теорехь аьлча, балуш болх бу иза. Цхьаъ делахь, таронашка хьаьжжина яха еза нахера ял. Бехаш болучаьргара – алсам, къехошкара – кIезиг. ШолгIаниг, вайн пачхьалкхехь тIех лахара ду алапаш. Массанхьачул а лахара. Дукха ю Оьрсийчоьнал а кIезиг бахам тIекхиош йолу пачхьалкхаш, амма церан бахархойн алапаш ду лакхара. Бахьана – Оьрсийчохь болх бечу нехан бакъонаш хедийна ю, цунах лаьцна вай дуккха ца дуьйцахь а. Яц ала тарло къинхьегамхойн алапаш тергалдан профессионалийн цхьанакхетараллаш. Дерриг а "кхана хир ду" бохуш деха Iедал – цунах дин дина. Кхана толур ду дахар, бохуш кхобу нах, къоьлла а лахлур ю олу "кхана". Оьрсийчоьно тIекхиош болу бахам тоъал дукха бу: дуьнентIерачу хьалхарчу бIе пачхьалкхашлахь ду вай. Амма оцу кхиамо даха ховшош а дац – йоккха башхалла ю и тIекхиийна бахам халкъалахь дIасабекъарца, нийсонца ца боькъу иза. Сов шуьйра, кIорга ду бехаш болучарний, къехошний юкъадоьлла ор. И хьал хийцалур ду аьлла ца хета суна. Халкъ реза ду… Аьлча а, реза дац, амма паргIат IадIаш ду. Цундела пачхьалкхо йоккху са дIасаекъарца лела харцо дуккха а ехар йолучух тера ду. Оцу хьокехь дуккха а дуьйцийла ду, ткъа дерриг а дуьсу цхьана терхи тIехь, кху муьрехь а санна: пенсеш лакхадаьхна, амма даьхна тIамца боьзна болчу пенсионершна. Иза еккъа дIа популизм ю. Къолла эшон гIерташ цхьа а вац. Экономикехь Iалашоне язйина йолу стагнаци ю. Гуш яц экономикехь хийцамаш хир бу ала йоху гIулчаш.

"Мила ву къехо бохург къастадо ша пачхьалкхо"

2020-чу а, 2021-чу а шерашкахь берийн къоьлла лахъян гIоьртир Оьрсийчоьнан Iедал – иза ира лаьтташ проблема ю, билгалдоккху географин Iилманийн доктора, экономиста Зубаревич Натальяс. Къен доьзалшкарчу 1,5 - 3 шераш а, 3-7 шераш а долчу берашна ахчанаш даларх долу низамаш политикан хиламашна тIехьажина ду – Конституцица хийцамаш бечу барамна а, Пачхьалкхан Думин харжамашна а.

Зубаревич Наталья
Зубаревич Наталья

– Хьалхара ши гIулч политикаца йоьзна. 1,5 – 3 шераш долчу берашна ахча далар. ТIаккха – 3-7 шераш кхаьчначарна. Иза нийса ду, Оьрсийчохь берийн къоьлла уггаре лакхарниг ю. 20% бераш деха къоьллехь. Дикка ахча делла бюджетера, дуьйцу Зубаревича.

Цо бахарехь, 2020-гIа шо доьрзуш Росстато хийцина къоьлла зуьйш долу хьесап, оцо аьтто бина дахарна оьшу минимум билгалйоккху некъ хийца, оцу бахьаница лахделла къечу нехан терахь кехаташна тIехь, кхачан махаш лакхадевллехь а. Ткъа дахарна оьшучу минимуман барам бисина ша хилларг - 11,6 эзар сом юккъерчу барамехь.

- Терахьаш деккъа дIа шена оьшшучу хьесапе дерзийна Iедало. Къехой кIезиг гойту кеп ю лелош. Пандеми марсаяьллачу муьрехь 20 миллион стаг вара къолле воьжна гойтуш, хIинца – 18 млн гергга. 20 миллион гергга стаг къечу наха а къен бу, хIун ду цигахь тоьлла? Къечу нехан терахь лахделла ал гIерта. Оьрсийчохь къен лору къоьллел а лахахь бисинчу нахах? Иза аш бинна къастам бу. Бу вайн пачхьалкхехь стаг официалехь къен лору барамаш а. Вуно лахара ду царна кхочучу ахчанна къастийна доза. Стагна ца валлал хуьлу рицкъ ду цигахь лоруш. И доза низамо къастийна ду. Цундела ларало пачхьалкхехь стаг къен, нагахь санна цунна кхочу ахча коммуналах дIадаллал делахь, амма ца тоьуш хуьлу и ахча дукха хьолехь. Аьлча а, мила ву къехо бохург къастадо ша пачхьалкхо.

"Росстато къайленехь кхобу бакъйолу къоьлла"

Дахарна оьшу рицкъ дустар харцонца деш ду аьлла хета "ВНИИ Экология" институтан директорна, Оьрсийчоьнан экономикан министран гIовс лаьттинчу Стариков Иванна а. Цу динчу легаршца, Оьрсийчохь лаххара а 25 миллион вахархо ву Iедалера гIо оьшуш, дахаран хьашташ кхочуш ца далуш.

Стариков Иван
Стариков Иван

– Керлачу методиках тоьшийла дац: лела инфляци хьашташца, лела инфляци рицкъан барамашкахь а. Ахча дайдалар мелла а гойтуш ю рицкъан барамашкара инфляци. Ткъа дахаран хьелийн инфляци кхузза лакхара ю шолгIачул. Дахарна оьшу рицкъ дустуш, пачхьалкхо лоьруш а яц рицкъан инфляци. Iедал рицкъан мехаш шен карахь кхаба гIерта, иза кхета наханна бахарицкъ тоьаш доцийла. Жванецкийна а дайна, "церан хьолан мах – вайн Iожаллин мах бу". Iедало къастийна йолу дахаран хьелийн минимум яц стаг вахалур волуш, цунна хенера вала шен ков-кертахь, шен бешахь къахьега деза, цигахь 5-6 гали картол кхион еза, жIонк-хорсам ден деза, хасстоьмаш хичабохка беза, иштта дIа кхин а.

Талламаша гайтарехь, 25% бахархошна ца тоьу шаьш доккху ахча ца дича ца довлучу гIуллакхашна. Иза лара догIий къоьллин тоьшалла?

– Дера догIу. Ца хилча ца дериг ца эцало нахе бохург ма дуй иза. Ца эцча йовлу хIуманаш ю, амма кхача бу даима а эца безаш. Дуьненаюкъарчу экономикан, иза кхиоран хьукматийн декъахь ю Оьрсийчоь. Церан критереш хIорш ю: шена тIехуьлучу ахчанах веа стагах лаьттачу доьзало 35% кхачанах духкуш делахь, и доьзал къен лору. ХIунда аьлча, коммуналах а, молханех а, юкъарчу транспортах а дала деза ахча. Ткъа Оьрсийчохь юккъерчу барамехь болчу доьзало хIара шо дерзор ду шена хуьлучу ахчанах 50% кхачанах дIа а луш. Йоккха къоьлла тIехь лаьтташ хилар гойту цо. Вайн Iедална ца лаьа къен нах бехаш болучех дIа а къастийна багар бан – иза ю проблема. Мехаш хийца гIерта ца деза Iедал, къоьллехь бехачарна гIодан деза – иштаниг 25 миллион ву. Къен нах билгал а баьхна, царна шайнна дан деза гIо.

Хьуна хетий Оьрсийчоьно къен ца лору аьлла, сагIадоьхучу хьолтIе ваьлларг а бен?

– Хета, мацалле эгнарш бен бац къен лоруш. Ткъа къечу наха – "юккъера класс" олу. Стенна ду иза иштта? Терахьашца ловзар латторна ду-кх. ДаIамах "цхьогал" ала гIерта. Толамашна тIера толамашка дIаоьху бохуш юьйцучу пачхьалкхехь кхуьийла дац къечу нехан могIарш.

ХIун дан деза къоьлла эшош?

– Хьалхарниг – социалан программаш арахеца еза къехошна гIодеш. Миллиардашкахь ахча дойъу къоьлла лоруш цхьацца компьютерашкахула лела программаш кхуллуш. Стенна оьшу и дан, къениг, вехаш верг къасточохь? Стеган машен елахь, масех петар елахь, вац иза къен. Амма и дерриг доцург лара веза къен. Иштта зераш дахь, лаххара а 25 миллион карор ву вайна де доьхна, Iедалера гIо оьшуш. Царна дала дезахь баттахь 5 эзар сом мукъане а. Я оцу ахчанна кхачан сертификаташ яла еза царна. ШолгIаниг – доьзалшна маго деза юьртбахамерчу латтанашна тIехь хIусамаш кхолла, ипотека яла еза. Цкъачунна иза дерриг а коррупцина кIелахь ду.

Iедало цхьа гIулчаш йохур ю къоьлла эшош, аьлла хетий хьуна, я Путина къоьллица къийсам латто беза аьлла дина къамел деккъа дIа дархьама дина?

– Ас иштта эр ду: сихха и болх боло беза Iедало, шена шех дог лазахь. Хийцамаш бан беза, – боху Стариков Ивана.

Оьрсийчоьнан бахархойх 58% нах бу кхушара шайга кхочу ахча кхоош духкуш – иштта боху Работа.ру сервисан талламо, яздо РБК агенталло. 17% респонденташа аьлла, шаьш тIейогIучу хенахь харжаш лахъян дагахь бу. Ахча дукха хьолехь кхоадо наха духар оьцуш а, мачашна а, шайна хуьлучу ахчанах доккхах дакъа хьажадо ца йича ца йовлучу харжашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG