Украине дIавахначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Белхароев Илесан интересаш хьалхаяьхна лелачу, Одессерчу бакъоларъяран "Правое дело" программан координаторо Яковенко Валерийс бакъ дац боху, Оьрсийчоьнан зорбанашкахь иза герзаца контрабанда лелош хилла бохуш яздар. Дийцарехь, ГIалгIайчуьрчу экстремизмца къийсам латточу Центран (ЦЭП) куьйгалхо вийна хилла оцу герзаца.
ЦIе ца йоккхучу шайн хьастана тIетевжина, "Коммерсанто" кху беттна 4-чохь дийцира, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан версица, 2019-чу шеран Лахьан-баттахь ЦЭП-н хьаькам Эльджаркиев ИбрехIим а, цуьнан ваша а вийна тапча кхачарх лаьцна.
"Таиландера герз кхоьхьуш, лелочу контрабандана тIехула толлучу зуламан гIуллакхийн фигуранташа динчу тоьшаллашца, юьхьанца дуьйна а Белхароев Илес хилла ву кхечу террорхойн юкъараллан декъашхошца цхьаьна тIемалошна герз латтош. Пхеа шарахь гергга, 2015-чу шаре кхаччалц, болх беш хилла ю Оьрсийчу тапчанаш кхоьхьу Таиландан схема. Оьрсийчоьнан ФСБ-н талламан урхалло теллинчу, герз лелочу кхаа стагана дуьхьал айдинчу бехктакхаман гIуллакхийн материалашкахь яздина ду цунах лаьцна", - билгалдоккху публикацехь.
"Правое дело" программан координаторо Яковенко Валерийс дIахьедина Кавказ.Реалиига, Талламан комитето бехк тIечIагIбеш хIиттийначу кехаташ тIехь а шеконаш ю контрабанда лелорах аьлла.
"Цкъа Туркойчуьра Оьрсийчу герз дахьийтина цо, курьер волчу вахана иза боху, герз схьаэца, амма эххара а йиллинчу меттиге ца веана иза. ШолгIа эпизод - Таиландера яьшки чохь герз дIахьажийна цо, ткъа схьаэцархочо яьшка яьстича герз карийна, полицига хаам бина хилла боху. КхозлагIа ГIалгIайчуьра герз чохь яьшка Таиланде юха еана, цигахь цхьа а схьаэца а ца веана. Цхьа аьтто боцу контрабандист хилла иза, баккъал а болчу зуламхоша лелор доцу хIуманаш ду", охьадагардина бакъоларъярхочо.
Ишта къамел динчо тIетоьхна, Белхароев Илес Одессехь кху аьхка лаьцначул тIаьхьа, цуьнан ГIалгIайчуьрчу гергачу нехан хIусамех талламбина хилла аьлла.
"Масех шо Америкехь вехачу, 2017-чу шарера схьа дуьйна даймахкахь хилла а воцчу Илесан вешин Белхароев Iабдуллин чохь патармаш карийна. Iабдуллин гергарчара дийцарехь, ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н белхахоша шайца деана дара патармаш, ткъа кехаташ хIиттийра, уьш карийна, дIадохуш санна. Iабдуллин гергарчарна кхерамаш тийсинера, Белхароев Илесна гIо дар сацаде бохуш", - дийцина Яковенко Валерийс.
Оьрсийчохь бехкево Белхароев Илес террорхойн юкъараллехь дакъалацарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Талламан комитетан версица, 2019-чу шарахь шен накъосташца юкъахь батIалхьажойн тобанан хьалханча ву бохучу Полонкоев Хьасане дIакхачийна хилла цо "Глок" системан тапча а, цуьнан патармаш а. Ткъа оцу герзаца вийна хилла ЦЭП-н куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Ахьмад а.
Белхароевна бехкаш дохку цунна вевзаш воцчу стага динчу тоьшаллаш тIехь, ткъа цунна кхечуьнгара хезна герз дIакхехьарх лаьцна. Украинера бакъонашларъярхой а, ша Белхороев а тешна ву, дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла.