ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь смартфон кхоьллина тIеман а, лерринчу сервисийн а хьашташна   


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къоман компьютеран корпорацина юкъахь йолу "Аквариус" тобано а, "Лаборатория Касперского" компанино а смартфон кхоьллина тIеман а, лерринчу сервисийн а хьашташна. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш.

Гаджет болх беш ю "Лаборатория Касперского" компанино кечйинчу KasperskyOS операцин системехь. Иза тIетесна яц глобалан интернетана, амма, цунах пайда а оьцуш, схьаелла аьтто бу корпоративан сервисашна ларлочу рожехь IP-хоттарца.

"Аквариус" тоба сатесна ю шаьш кечйинчу дивайсах пайда эца луур ду аьлла Iедалхойн а, пачхьалкхан корпорацийн. "Аквариус" хIинцале а арахецна 200 смартфон. ХIара шо чекхдалале кхин а 3 эзар арахеца дагахь а ю компани. Керла мобилан телефон еш дайина миллиард сом, цхьана смартфонах хIун доккху дуьйцуш дац.

"Коммерсантан" хьосташ дийцарехь, ерриг а чалх даймахкахь йина смартфон дика ларйина ю, иза лелон аьтто бац ламастан рынкехь. Газетан цхьана хьосто дIахьедина керла смартфон кхоллар долийра, лерринчу сервисийн белхахоша, тIаьхьо интеренетехь баьржина болу хаамаш вовше бохьуьйтуш хиларна шайн телефонашкахула.

  • Ши бутт хьалха йохка йолийна,"Ростехан" структураш кхоьллина йолу цу кеппара смартфон. Иза ю боху, алсам ларйина коьчалла, амма иза болх беш ю Android тIехь, ткъа иштта цуьнан ю кхечу пачхьалкхашкахь йина меженаш. Цхьана смартфонан мах бу 19 эзар сом.
  • KasperskyOS операцин система зен йолийра 2019-гIа шо чекхдолуш. Оццу шарахь "Эскархойх лаьна" низаманна тIехь хийцамаш бира, долахь йолчу гаджетех пайда эцар царна доьхкуш. KasperskyOS системо аьтто бо смартфон ларъян дукхахйолчу кибератакех.
  • Хьалхо Infowatch тоба а гIоьрира пачхьалкхан секторна хьажийна ларйинчу смартфонан "Тайгафон" олу проект кечъян. Иза дIачIегIира 2019-гIа шо чекхдолуш, 40 миллион сом зен а хуьлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG