ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь таIзар дина шайн ши вахархо схьавоьху Американ Сенато


Рид Тревор Москварчу кхелехь
Рид Тревор Москварчу кхелехь

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан Сенато пIераскан дийнахь резолюци тIеэцна, Оьрсийчохь кхел йина ши америкахо - Уилан Пол а, Рид Тревор а схьавалар тIедожош.
Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу Комитете кховдийна резолюцийн проекташ Демократин а, Республиканан а партийн векалша. Мичиганан цIарах волчу сенаторан Стабенау Деббин агIонехь бо и хаам, яздо Свобода Радионо.

Шпионаж лелийна аьлла, 16 шарна хан тоьхна Оьрсийчохь 51 шо долчу Уилана а, 30 шо долчу Рид Треворна исс шо кхайкхийна, полисхошна дуьхьал тасавелла аьлла. Дохку бехкаш шиммо а тIе ца лаьцна. Оьрсийчоьнан Iедалхойн векалша масийттаза къадийра, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь таIзар динчу шайн бахархошца дIасахийца тарлур дара аьлла.

Резолюцешкахь билгалдоккху, шина а америкахочун бехк хиларх оьрсийн Iедалхоша тешаме тоьшаллаш ца далийра аьлла.
Американ ши вахархо маьршаваккхархьама жигара хьовза аьлла, кхайкхам бина документашкахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедалхоша. Изза резолюци тIеэцна карарчу баттахь Конгрессан векалийн Палатано а.

Фейсбукерчу шайн аккаунтехь Америкерчу Оьрсийчоьнан векалалло жоп делла Сенатан резолюцех лаьцна. Текстехь дIахьедо, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара иттаннашкахь эзарнаш бахархой денна бохург санна Iиттало пачхьалкхехь харцонца аьлла.

Америкахойн бахархой маьршабахарх дийцаре дира байначу баттахь Женевехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн хиллачу цхьанакхетарехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG