ГIура-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийохь зIенах дIадо мегаш ю ах сов корпоративан мобилан телефонийн номерш, "сирачу" сим-картанех лаьцна низам дохорна. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсантъ" газето, эксперташна а, зIенан оператошна а тIе а тевжаш.
Mobile Research Group талламан тобано бинчу хаамца, Оьрсийчохь лелош ду 32 миллион гергга корпоративан сим-карта. "ЗIенах лаьцна" нимзамна тIехь динчу нисдаршца а догIуш, корпоративан клиентийн декхар ду сим-картанаш лелочу белхахойх лаьцна хаамаш чуязбан "Госуслуги" порталехь йолчу идентификацин а, аутентификацин цхьааллин системина (ЕСИА - единая система идентификации и аутентификации).
Делахь а, "ТМТ Консалтинг" компанин инарлин директора Анкилов Константина дийцарехь, мобилан операторийн корпоративан ах сов клиенташа хIинца а ца дина иза.
Цуьнца цхьаьна мобилан операторша дан дезарг шайн абоненташна и хаамаш ЕСИА системина чуязбан безаш хиларх лаьцна хаам бар а бен кхин хIумма а дац, билгалдаьккхира цо. Делахь а корпоративан клиентех массара регистаци ца йина "Госуслуги" порталехь, ткъа цхьаболу пайдаэцархой кхеташ бац, шайн картанаш болх бечуьра совцо мегаш хиларх, тIетуьйхира эксперта.
Уггар хьалха регистрацин янза дуьсуш ду юккъерчу а, жимачу а бизнесан корпоративан сим-картанаш, боху Telecom Daily инарлин директора Кусков Дениса. Цо мах хадорехь, Оьрсийчохь карарчу хенахь ду 11 миллион сира сим-карта. Царах ах гергга корпоративан лоруш ду операторша.
Регистраци йина доцу картанаш Идентификацин а, аутентификацин цхьааллин системехь болх бечуьра сацоро цхьана ханна лахдийра ду мобилан операторна хуьлучу пайданан терахь, билгалдоккху эксперташа.
МТС-хь, "Вымпелкомехь", ткъа иштта Tele2 компанехь а хаам бира газете, корпоративан клиенташна сим-картанашна регистраци яр мелла "лазаме" доцуш дина хиларх лаьцна. "МегаФон" реза ца хилира комментареш ян.