ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоь эшийта дерриг а дийр ду". Дагестанан халкъийн Конгрессан президенто - Украинерчу тIамах


Ахмедов Ахьмад
Ахмедов Ахьмад

Ахмедов Ахьмад – Дагестанан халкъийн Ерригукраинхойн конгрессан президент ву. Шен дахаран доккхаха долу дакъа Дагестанехь нисделла цуьнан, цигахь спортан тренер вара иза. ХIинца Украинехь вехаш ву Ахмедов, делахь а Оьрсийчоьнан паспорт ду цуьнан. ТIом болабеллачул тIахьа лаа а лууш висира иза пачхьалкхехь, дуьхьало йоцуш дозанал арахьарчу мехкашка дIаваха йиш йоллушехь. Дагестанехь кIентий а, нана а ю цуьнан.

Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийна тIом шайн хетий-те дагестанхошна, хIун бахьана делира Ахмедовна герз кара а эцна, украинхойн лаамхойх дIакхета, - Ахмедов Ахьмада дийцира оцу доллучух а Украинхойн Свобода Радион сервисе.

– Чиллан-беттан 24-чул а тIаьхьа хьо ВСУ-н могIарех дIакхийтира. "Хорт" батальон аьлла йоза ду хьан духарна тIехь.

– Иштта нисделира, чиллан-беттан 24-чул тIаьхьа со дIаязвелира лаамхойн "Хорт" батальоне. Киевера Оьрсийчоьнан кафираш юхатоьхча, оха командирца къастийра агIо. Оцу хенахь луьра тIемаш бара дIахьош Луганскан кIоштахь – Лисичанскехь, Северодонецкехь, Тошковкехь, Попасная, Орехово олучу меттигашкахь а – и гIаланаш Iалашъеш яра тхан 157-гIа бригада.

– Суна хаьа, хоьгахь оьрсийн паспорт ду…

– ХIаъ, со Оьрсийчоьнан вахархо ву.

– Дукха хан юй хьо Украинехь веха?

– 5 шо.

– Муха ду Украинехь тIеман хьелашкахь Оьрсийчоьнан паспортаца вахар?

– Бакъдерг аьлча, украинхойн юкъараллин менталитет сайна товш яцахьара, ас кхузахь де а доккхур дацара. Къаьсттина чиллан-беттан 24-чул тIаьхьа, Оьрсийчоьно шуьйра агресси йолийча. Со Украинан вахархо вац, парггIат цхьана Европерчу махка дехьа а ваьлла, цигахь Iен а, болх бан а йиш яра сан. Доллу сайн дахар спортана дIаделла ас, чемпионаш, латархой кхиош. Со, ма-дарра аьлча, кхиаме тренер лорура. Кхечу пачхьалкхашка балха кхайкхина меттигаш а бара. ДIагIойла дара сан, амма суна дезаделла [украинхойн] къам. Сан кхузахь ас Iамийна дуккха а бераш ду, доттагIий бу. Ца вахавелира со дIа, кхузахь виса сацамбира ас.

– Оьрсийчоьнан паспорт бахьана долуш цхьа а халонаш Iитталой хьоьх?

– ТIом бола ма-белли, цхьана хадархойн фирмица Киевера нах дозанал а арабохуш, болх бан волавелира со, доккхачу декъанна арахьара мехкийн бахархой бара уьш. Оьрсийчоьнан паспортца лелара со Украинан дозанашкахула, амма цхьа а сингаттам ца Iоттабелира сох. Цхьацца хеттарш дора, кехаташка хьовсура, телефоне. Мел дукха а цхьана эхасахьтехь латтавора постехь.

– Цо дозанаш деттий хьуна? Масала, тIеман арахь хьо велахь, Оьрсийчоьнан паспортаца йийсаре лацахь….

– Тхуна, Оьрсийчоьнан бахархошна, иза уггар а боккха сингаттам бу. Тхо стенах кхоьру? Даларх ца кхоьру, аьттехьа а! Iожаллех кхоьруш дац тхо. Тхо кхоьру карадахарна. ХIунда? ХIунда аьлча, Оьрсийчоьнан низамашдахаран тIегIанехь тIеэцна низам ду, Украинан агIор тIемаш бечу Оьрсийчоьнан бахархошна белла дIабовллацл чохь яккха хан кхачош. И бу боккха сингаттам.

Лакхарчу Раде а, президенте Зеленский Владимире а кхача хьийза тхо, тхуна Украинан вахархочун бакъо ялар аттачу даккхар доьхуш. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьно шайн бахархой ца хуьйцу. Тхох цхьахверг йийсаре кхачахь а, цунна тIехь кхел йийр ю, амма дуьххьара гайта а гойтуш, тIехь сийсазалла лелор ю…

Тахана эзарнашкахь, эзарнашкахь сан махкахой-дагестанхой Оьрсийчоьнан набахтешкахь бу. Царна массарна а 20 шарна тIера хенаш йиттина, Оьрсийчоьно "террорхойн" лоручу гIоьналлин фондашка ахчанаш дехкина, йа цаьрца дакъалаьцна бохуш.

Тахана эзарнашкахь, эзарнашкахь сан махкахой-дагестанхой Оьрсийчоьнан набахтешкахь бу

– Украинхойн паспорт эца, Украинехьа тIемаш бечу нахана аттачу ца яьккхина процедура?

– ГIадужу-беттан 21-чохь Лакхарчу Радехь хьалхарчу йоьшийлехь низам тIеэцна Украинан агIор тIемаш бечу лаамхошна вахархочун паспорт далар аттачу доккхуш. Амма, тхуна интересе долу хеттарш муха кечдина хир ду цигахь, и доьзна ду Лакхарчу Радин комиссино болх баре терра. Лаьар-кх, тхо хаза.

ВСУ-н контрактхо санна тIемаш бечу суна эшна ца Iаш, и коьрта ду, Украине даьхкина, къоман батальонаш дIаюза гIертачу кхечу берашна а. Иштта нах Iаламат дукха бу. Оцу кепара низам тIеэцарца оха чIагIйийр ю ВСУ.

– Пхи шо ду хьо Украинехь веха. Цул хьалха Дагестанехь ваьхна хьо, цигахь да-нана дисиний хьан?

– ХIаъ. Цигахь бу сан доьзал, ши кIант.

– ЗIенехь дуй шу?

– Воккхаха волчу кIанте дIахьедина, соьца хабаре валахь, шаьш… Дика хир дац аьлла-кх. Цундела ца вуьйлу со зIене.

Ахмедов Ахьмад
Ахмедов Ахьмад

– Царна цигахь Iен кхерамзе дуй, Украинехьа тIемаш беш церан да хилча?

– Сан воI – спортхо ву, дуьненан чемпион. Дагестанехь кикбоксинган лаккхара тренер вара иза. Чиллан-беттан 24-чул тIаьхьа, со батальонах дIакхетча, иза балхара дIаваьккхина, цхьанхьа а кхин дIаоьцуш а вац. Иштта сан вежарий а, йижарий а. Доцца аьлча, царна тIаьхьабевлла. Сан ненан 65 шо ду.

– Иза кхузахь ю йа Дагестанехь?

– Нана Дагестанехь ю. Цо со лечкъош ву аьлла, цIийнах хьовса баьхкинера иза йолчу, массарна дукха дика хууш доллушехь, со стенгахь ву а, ас хIун леладо а. Сан сурт тIеман хроникан массо а сайташ тIехь ду, Оьрсийчоьнан тIеман сайташ тIехь а. ХIетте а сан а, сан гергарчеран а дог этIо гIерта.

– Шайна хьовзам ма баккха, ВСУ-н могIарера дIавала бехирий хьоьга хьан гергарчара?

– Дера бехира. И сан доьзал ма бу, хIораммо а сагатдо шайн нахана. Амма со къар ца велира. Хала хилла хир дар-кх суна саца. Нанна-м ца хаьа со тIом беш вуй. Полицин белхахоша сан сурт гайтина хиллера цунна тIеман барзакъца, герзаца, амма сан а, сан вешин а ницкъ тоьира, хадархо санна болх беш ву со аьлла, иза тешон.

– Нохчийчоьнца хиллачьунца дусту ас, цигахь дуккха а дийцарш ду, ВСУ-хь бу аьлла ца Iаш, Кадыров Рамзанна а, цуьнан политикана а дуьхьал болчийн гергарнаш цхьаьна лоьцу бохуш. Со нийса кхеттехь, Дагестанехь а террор латтайо-кх, делахь а набахте бухкуш, тIе куьйгаш хьочу тIе ца даьлла?

– Нах масийтта дийнахь сецабо полицихь, сан йиша а санна. Диканиг хIуммаъ дац кхузахь а. Сайн доьзалх лаьцна хIинца дийца ца лаьара суна, ас мел аьлла дош цигахь дIахезар долуш ду. Цундела ца лаьара суна царех лаьцна дийца. Сан Iалашо – сайн доьзал цигара арабаккхар ю. Суна лаьара, Украинан пачхьалкхан цхьа гарантеш сан доьзалх а хьакхалуш хила.

ХIара зуламе тIом бу, хIокху тIамехь Оьрсийчоьнан агIор дакъалацарна цкъа мацца а церан жоп дала дезар ду бохуш, уьш кхетон хьийза со

– Делахь а, ахь жигара лелош ю хьайн социалан аккаунташ – тик-ток, инстаграм, фейсбук. Хьо стенгахь ву а, айхьа хIун леладо а лечкъош вац-кх хьо.

– Дагестанехь ас болх бечу заманчохь – 15 шо лаккхара тренер – ас 16 дуьненан чемпион кхиийна. Айхьа ойла ехьа, 16 чемпион ас кхиийна хилча, кхин а маса эзар стаг сан куьйгех, сан зала чухула чекхваьлла хир ву. Дера со царна дага а вогIу, вовза а вевза, сох теша а теша.

ХIара зуламе тIом бу, хIокху тIамехь Оьрсийчоьнан агIор дакъалацарна цкъа мацца а церан жоп дала дезар ду дуьненан трибунална хьалха бохуш, уьш кхетон хьийза со. Вай кхеташ ма ду, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашкара хIора салти гуш ву, уьш карон хала дац. Церан паспорташ тIера хаамаш бу, телефонийн номерш ю, цIера адресаш ду.

Сайн Дагестан а, сайн халкъ а лардан хьийза со, Путинан зуламе тIом бахьана долуш царна хиндолчух. Цундела царна суо дIахазийта хьийза со. Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашца ас кхиийнарш а бу. Царех дукхахберш арми юккъера дIабевлла, рапорташ яздина, тIамтIе ца баха. Тхана цхьа маьIна долуш ма ду ас тIеман барзакъ тIедухар, автомат эцна, дIавахар. Суна лаьа, Кремлан зуламечу политикех сайн халкъ кIелхьарадаккха.

– Нах кхето-кхиоран болх бан а бой ахь?

– ХIаъ, сайн аз дIахазон гIиртира со.

– ГIадужу-беттан 16-чохь Лакхарчу Радо къобалдина, Орсийчоьно оккупаци йина мохк хилар Ичкери, емалдина нохчийн къоман геноцид. Алахьа, Дагестанехь оцу хиламан терго йирий? Цхьа а протесташ йа хабарш гIаттийрий оцу хаамо?

– Тахана Нохчийчоь – уггар а лазаме меттиг ю Къилбаседа Кавказан территори тIехь. 20 шо а ца даьлла, оцу къоман кхозлагIа дакъа хIаллакдина. И дозанаш оккупаци йина ду аьлла, тIелаца хьакъ дара нохчийн къам. Нохчийчоьнан суверенитет хIора кавказхочунна-чIогIа коьрта ю. И къам хьакъ ду маьрша хила, дозуш доцуш хила. Дагестан а санана, Къилбаседа Кавказера кхиндолу къаьмнаш а санна.

Вайна гуш ю, оцу къобалдарна Кремло а, Кадыровс а йина реакци, хьерабевллера уьш. ХIунда аьлча, царна хаьа, шайн денош герга кхочуш дуй, Оьрсийчоь йоха гена доций. Мел хIуъа дийцахь а, со-м теша цунах, дегайовхо а ю, вайна и гур ду аьлла.

Мехкан сий а, цхьаалла а ларъйен йолу цхьа стаг, цхьа лидер ца витина тахана Дагестанехь. Таханалерачу дийнахь Дагестанан парламенто низаман проект тIеэцна, Москвара схьаяийтина, территориалан цхьаалин жоьпалла мехкан урхалхочунна тIехь дац аьлла. ТIаккха хьанна тIехь ду и?

– Схьагарехь, Кремльна тIехь ду-кх жоьпалла?

– ХIан-хIа. Кремло шен хирг дина Дагестан йекъархьама. Нагахь санна, тхо, Дагестан, Оьрсийчоьнца дисахь, изза хир ду-кх тхох а.

– Хьенан чоьтах ехаш ю республика? Нохчийчоь а санна, дотациш тIехь ю?

– Дагестанехь Каспийскан хIорд бу. Тхан мехкадаьтта ду, газ ю, чIара бу. ИргIу олучу чIеран уггар тоьлла порода Каспийскан хIорда чохь ю. Тхан массо а хIума ду, амма тхо дуьтуш дац кхиа, тхо хьала ца кхуьуьйту. Цхьа туризм лелаяхь а, республика атта хене йера ю. Дагестан баккъал а хьоле ю шен Iаламца, геополитикехь а дикачу меттигехь ю-иза, Iаламат йоккха республика ю. Эрмалойчоьнел а йоккха ю тхан территори. Популяци а алсам ю, Эрмалойчохьчул а. Тхо дахалур ду!

– Гипотезехь аьлча, нагахь санна, тахана Дагестанехь суверенитетех референдум дIахьош хилча, маса процент наха эр дара: хIаъ, тхуна лаьа Оьрсийчоьнех дIакъаста.

Шога, къиза ассимиляци ю Дагестанан халкъашна йеш. Дихкина ду ненан маттахь хьехар, доллу дешар оьрсийн маттахь ду

– Суна хетарехь, 30 процент бахархой дуьхьал бевр бара. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьнан интересаш латтош бу уьш. Ткъа 70% маршонехьа хир бара, суверенитетехьа. Маршонна а, йозуш цахиларна а дуьхьал хила тарло, уьш интересе боцурш, Кремлана гIуллакх дийраш.

Ойла йехьа, сан берашна школехь бакъо ца ло шайн ненан мотт Iамо. Шога, къиза ассимиляци ю Дагестанан халкъашна йеш. Дихкина ду ненан маттахь хьехар, доллу дешар оьрсийн маттахь ду. Шуна ца хаьара, Украинех Оьрсийчоьнан агресси Iоттаяллалц тхо долчахь хилларг.

– Ахь элир-кх, Оьрсийчоьнан а, Кремлан а интересашкахьа болу 30% нах дуьхьал хила тарло. Тахана дуккхаъчара дуьйцуш ду, Путин воцуш муха хир яра Оьрсийчоь, нагахь санна, иза дIасайохахь бохуш. И тайпаниг Оьрсийчоьнца хилахь, Кавказехь бахархошлахь тIом эккхар бу аьлла хетий хьуна?

– Путин воцуш муха хир ярий Оьрсийчоь? Уггар хьалха билгалдаккха догIу, Iедале вогIур волу муьлхха а Оьрсийчоьнан вахархо, - иза милла велахь а, шовинист хир ву. Цо шен ницкъ мел берг дийр ду Оьрсийчоь йоккха хилийта, халкъана изза набахте ян. Оьрсийн халкъан и цамгар ю – некха тIе буйнаш бетташ, шаьш мел "чIогIа" ду бахар, хIетте а къоьллехь Iа реза бу, унитазаш а, бедарш юьтту автоматаш а лечкъош, уьш шайн цIа а кхоьхьуш.

Вайна хууш ма ду, хIун ю Оьрсийчоьнан пропаганда. ТIемаш боьлхучу оцу меттигашкахь со хилла ву, хьажахьа, цара оцу гIаланех дийриг. Еккъа дIа хIаллакъйеш ю-кх цара уьш. Со ца теша, цхьа Оьрсийчоьнан демократ а веана, вай маьрша, паргIат дехар ду бохучух.

Бахархошлахь тIом эккхарх дерг аьлча. Суна ца хета бахархошлахь тIом бер бу аьлла. Амма тхуна хета, Кремлан гIуллакхаш деш, церан лаамаш кхочушбен нах махкара арабаха беза, йа хIаллакбан беза. Царна меттиг хуьлийла дац маьршачу, йозуш йоцчу Дагестанехь.

– Дагестанехь мобилизаци йолаелча, вайна гира, протестийн яххьаш хилира зударех. Оцу протестех цхьаъ хир ду аьлла, дегайовхо ярий хьан?

– Муха дIайоьлхура акциш: коьртачу ураме а бовлий, цигах чекхбуьйлура. Коьртачу майдана бовла цхьанна а бакъо ца лора. Божарий а буьйлура ара. Верриг а 450 стаг лецира, царех 440 хIинца а СИЗО-хь латтош ву. Царна хIоранна а 8-10 шераш тухур ду аьлла хета суна, ураме бовла гIортарна (мобилизацина дуьхьал протесте бевллачийн хьокъехь 259 протокол хIоттийна, 30 бехкзуламан гIуллакх долийна. Цхьаболчу лецначара дIахьедора, полицихь шайна ницкъбарх. – Редакцин билгалдаккхар.).

Зударша гIо латтийра акцихь, хIунда аьлча, уьш тешара зударех цара куьйгаш Iуьттур дац, царна йеттар яц аьлла. Шуна а гина хир ду-кх, дуккха а кадраш, уьш машен чу а текхош, берашца йогIуш зуда ю, цунна хьалха герз деттара, бераш кхералора.

– Дагестанехь мобилизаци хIинца а дIайоьдуш юй?

– ХIаъ, дIайоьдуш ю. Сацийна а яц иза.

– Дагестан цхьана агIор хьаян кхерам бац Кремлан? Гарехь, Дагестан кхин дIоггара дуьхьал юьйлуш а яц мобилизацина, Кремль йа кхоьруш яц иза хьеян.

– Дуста мега: Украинан цхьайолчу гIаланашна Оьрсийчоьно оккупаци йинчу хенахь, хьалхарчу деношкахь митингаш хуьлура цигахь, нах танкашна буха а буьйшуш. Уьш цхьаммо а хьебеш боцуш санна. Терго йехьа тахана оцу гIаланийн. Стенгахь бу и жигархой? Стенгахь бу и нах? Уьш боцуш бу. Уьш йа байъина, йа лаьттах боьхкина, йа набахтехь бу, йа оцу гIаланашкара бовда дезна церан. Изза ду хуьлуш Дагестанехь а.

Оха стенца гIо дийр ду? Кхинберш арабевр бу – арабовла а буьтур бац. И акци йирзинчул тIаьхьа кхин а цхьа акци ма яра тхан хила езаш. Бусулбанашна пIераска – Рузбанан де ду, массо а маьждигехь цхьана а гулбелла, ламазаш деш. Оцу дийнахь ХIинжа-ГIалахь доллу маьждигаш юкъадерзийна хиллера, ламазна а цхьаьна чу а ца буьтуш.

– Маса дагестанхочунна мобилизаци йина хууш дан а дуй?

– Суна хетарехь, оцу нехан билаггал долу терахь хууш дац, амма массарна а хууш ду, дукха нах бахийтиний. Кремло гуттар дора иштта, коьрта гIаланаш а йоцуш, регионашка тIамехь дакъалоцуьйтуш. Социалан хьелаш ледара долу регионаш, белхазалла йолу, хIун дер ца хууш, шайн доьзалш кхаба таро йоцу нах хьийсабора. Дагестан а, цунах тера йолу регионаш а юкъаозийна хIокху тIамна Оьрсийчоьнан армин контрактхой санна. Массарна а шуьйра мобилизаци ма ца йо цара Москвахь, Санкт-Петербургехь, хIунда аьлча хаьа, оцу гIаланашкара революцеш йолош юйла.

– Меттигерчу Iедалхойх лаьцна хатта лаьара суна. Кадыров Путинан агIонча волчу Нохчийчоьнца дустур дара ас юха а. Муха ю Кремлан а, Дагестанан Iедалхойн а юкъаметтигаш?

Уьш дагестанхой бац, цундела шайн халкъан ойла цара ян а ца йо

– 2015-гIа шаре кхаччалц Дагестанехь куьйгалхой бара регионера схьабевлларш. Аьлча а, 2012-2013-чу шерашка кхаччалц. ХIетахь дуьйна тхуна оьхура хIиттийна куьйгалхой. Юьхьанца Васильев вара, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс. Иза дIаваьлча Меликов вара, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн инарла-майор. Со ала гIертарг хIун ду, паччахьийн сардалийн метта тIемалой хIиттош, 200-300 шераш хьалха а санна ду тхо долчара хьал. 150 шо даьлча изза политике юхайирзина Оьрсийчоь, тхо долчахь инарлаш бу сардалш, Путин вистхуьллушехь, цуьнан муьлхха а омра кхочушдан кийча а болуш, шайна и товш делахь а, дацахь а. Уьш дагестанхой бац, цундела шайн къоман ойла ца йо цара.

– ГIадужу –бутт бовш видео яра гойтуш, Дербентехь йоьдуш машен ю, цу чуьра мохь тоьхна деш къамел ду – паспорташ, тIеман билеташ схьа а эций, военкомате тIедуьла бохуш. Массаьрга а бохура. Меликов Сергейс хIетахь и акци "лартIахь доцург ду" аьлла, емалдира. Ас ойла йира: хьажахь, Дагестанехь резабоцчух тера ду аьлла.

– ХIан-хIа. Оьрсийчохь Iедало гуттар а ишта болх бо: мила ву бехке? Лахара дарж дерг ву. Меликов вистхилла шолгIачу-кхолгIачу дийнахь цо ша гIалгIазкий-лаамхой дIахьовсийра Украине, иза ша ваханера аэропорте уьш новкъабаха. Меликов а ву хьуна хIуъа а кхочушдийриг.

– ТIом болабеллачу заманчохь дуккхаъчу эксперташа олура, хIинцца Оьрсийчу декъий кхехьа долор ду, тIаккха меттахбевр бу уьш, бохуш. Дагестанера дуккха а нахана мобилизаци йина, и нах байъина цIа кхехьа болийча, хIунда ца гIевттира уьш? Суна кест-кеста видеош го, шайн дайъина бераш, цIийндай цIа кхаьчча, уьш буьйлало украинхой, фашисташ, бандеровцаш, америкахой, кхин а милла а бехкеван, амма бехке ца бо Оьрсийчоьнан Iедалхой. Дагестанехь мила лору бехке?

– Бакъдерг дийций вай. Халахеташ делахь а, уггар хьалха оьрсийн Iедалша дийриг – байъинчийн доьзалашна ахчанаш дIало. И ахча схьа а оьций, массо а аьлча санна, тапъолий дIатоь.

Ахмед Закаевс, къобалъязчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо, дийцира суна цхьа хилларг. Нохчийчуьра йийсархошца ша къамел дечу хенахь, Украинана дуьхьал тIом стенна бо цара аьлла хаьттича, жоп делира шена боху: "Украинхой тхуна вежараллин, доттагIаллин къам ду – тхо уьш фашистех кIелхьарабохуш ду". 25 шо долчу, воккхачу стага боху: "Украинхойн къам "фашистех" кIелхьардаккха гIерта тхо"! Дийнахь а, буса а Оьрсийчохь болх беш йолу пропаганда ю иза.

Муха хета хьуна тахана Путинан эскарна юкъахь изза нохчий хилар? Нохчийчоьнан кхозлагIа дакъа хIаллакдина! Оьрсийчоьнан бомбанашна бухахь цхьаьннан да, деваша, йа доьзалера цхьаъ велла. 20 шо даьлла, хIинца и бераш даккхий хилла, тахана хIокху армин декъехь бу уьш! Муха нисделла и?

Ахмедов Ахьмад
Ахмедов Ахьмад

– ТIаккха муха нисделла? Хьуна хаьий?

– Муха? Геббельс. Пропаганда. Оьрсийчоь – иза уггра а йоккха пропаганда ю. Цхьана канала тIера вукху канале дехьавала а ца кхиаво хьо – массанхьа а дуьйцург цхьаъ ду.

– Дагестан –доккхачу декъанна бусулбачийн регион ю. РПЦ-х лаьцна аьлча, вайна гуш ду, оцу килсан мозгIарш муха тIехIуьтту Путинна. Ткъа патриарх Кирилла биллина кхайкхамбира дIа а гIой, "даймохк ларбе" бохуш. Амма суна цкъа а ца хезна, бусулба векалаийн дIахьедарш.

– Ала деза, йоллу Оьрсийчоьнан динан организацеш – пачхьалкханан болх беш йолу организациш хилар.

– Ткъа маьждигашкахь тIамтIе гIо бохуш, кхайкхамо бой?

– ХIаъ, халахеташ делахь а, бо. Динан дай, тхан цIеналлех, тхан ойланех, тхан дахарехь нийса леларх жоп дала дезаш болу, тхо кхечу дахарна кечдан декхаре болу, тхуна масал хилла дIахIитта безаш болу, тхуна нийса некъ хьеха безаш болу уьш. Амма цара мохь бетта: "ГIазот!" ГIазот – динан дуьхьа бен тIом бу, бусулбачарна а, керстанна а юкъара. ХIун джихIад хуьлу Путин эскарехь кхечу пачхьалкхаца беш тIом хилча. ТIехула тIе тхо, дагестанхой, цкъа а ца хилла агрессин тIамехь дакъалоцуш. Тхо гуттар а Iалашдала гIиртина. 101 шарахь лаьттина кавказхойн тIом. 101 шарахь Оьрсийчоьнах ларделла тхо. Амма йоккхачу Оьрсийчоьнан а, жимачу Къилбаседа Кавказан а (Дагестан а, Нохчийчоь а цхьа пачхьалкх хилла ю) таронаш тайп-тайпана ю, цундела тхо ийшира цу тIамехь. Делахь а, дагестанхоша цкъа а дакъа ца лаьцна агрессин тIамехь, кхечу пачхьалкхана тIамца чу а ца гIиртина, зударий ца байъина, ярташ, аренаш, хIусамаш, дIадийна ялташ хIаллак ца дина, комбайнаш ца лечкъийна, кхузахь Украинехь санна. Мел телхина дог-ойла ю тхан къоман тахана цуьнан ойла йина ца валлал. Хаац, муха хир ду оццул хьекъал доцуш, хьайба санна.

– Лаа дацара ас дин хьахор. ТIаьххьарчу деношкахь Оьрсийчоьно ловзош ду хIара карта. Кху деношкахь ду-кх Оьрсийчоьнан Совбезан секретаран гIоьнчас Павлов Алексейс элира, тIеман Iалашо яра иштта Украинана "десатанизаци" яр а аьлла. Хьуна цунах лаьцна хезний?

– ХIаъ.

– Украинехь дуккха а секташ ю боху, православин а, исламан а, иудаизман а мехаллех дIахада хьийза Украина, цундела уьш "кIелхьарбаха беза" боху. И динан концепци хIинца ловзош юй?

– Оццу Закаев Ахьмада дийцира, йийсархочо-нохчочо элира боху "тхо сатанизмана дуьхьал тIом бан даьхкина", тхуна украинхойн "вежараллин" къам маьрша хила лаьа. Зомби ю-кх.

Оьрсийчохь йихкина ю "Хьадисаш" (2007-чу шарахь "Умма" арахоьцийлехь зорбане яьккхина "Сахихь аль Бухари" книга федералан экстремистийн материалийн тептаре яьккхина.- Редакцин билгалдаккхар.) жайна. Хьадисаш – низамийн вовшахтохар ду тхуна. Орсийчохь йихкина, ткъа Украинехь миччахь а эца, цIа ян, иза йеша, талла, пайхамаро ма-баххара ваха йиш ю. Боллу Оьрсийчоьнан бусулбачийн хьалханча бага хи лаьцча санна тапъаьлла Iаш бу… Цхьаммо а емал ца до. Емалдо юкъараллин жигархоша, амма уьш сиха совцабо.

– Украинехьа тIемаш беш тахана маса дагестанхо ву?

– Цхьаьннан а олийла дац. Бакъдерг дийций вай, со санна Iовдало бен, эра а дац, йа ша гойтур а вац, ша лелориг дуьйцур дац. Тахана пресс-конференци дIаяьхьира ас, тхоьца берш туьтмIаьжгаш йоьхна бахкинера. Шаьш шайх, шайн дахарх кхерар дац иза, шайн гергарнаш ларбар, Оьрсийчохь бисинчу бевза-безачех кхерар ду. Цундела билггал маса стаг ву эр дац цхьаммо а. Амма суна хета, Украино пачхьалкхан паспорт эцар аттачу доккхуш, низаман проект тIеэцначул тIаьхьа, дIаюзур ю тхан къаьмнех болчу векалша батальонаш.

Ахмедов Ахьмад
Ахмедов Ахьмад

– Схьа а оьхуш, украинхойн паспорташ схьа а оьцуш, тIом бан луурш хир бу?

– ХIаъ.

– Оьрсийчоьнан агIор тIом бан баьхкинчу дагестанхошца цхьанакхетар нисделлий хьан тIом бечу хенахь? Йа дагестанхой йийсаре эцча?

– Йийсарехь нисбелла бац. Нохчий бара, дагестанхой хилла бац.

Тхан мостагI юкъара ву, тхо чIогIа тешна ду, тхан юкъара толам хир бу аьлла

– Украинехь стенна бо ахь тIемаш, хIинцца хьайн мотивацех ала лур дарий хьоьга? Хьан доьзална а тIаьхьабевлла, хьоьгахь Оьрсийчоьнан паспорт ду.

– Генетика – иза яхьа меттиг бац. 100 шо даьлча а сан кIентан кIентан кIант тахана со санна хир ву. Оха масех бIешерашкахь тIемаш бина Оьрсийчоьнца. Суна хIун бен ду, оцу неIалте пачхьалкхана миччахь а зен дар?

Сан дай набахтешкахь хIаллакбина, махках баьхначохь а. Къаьсттина Iилманчаш. Тхан ворхIе дайх цхьаъ – чIогIа гIараваьлла Iилманча хилла. Уьш берриш а байъина – набахте хьийсийнера, цигахь кхелхина. Тхо даим хилла ду Оьрсийчоьнца тIом беш. ТIом, ма-дарра аьлча, сецна а бац.

Оьрсийчоь оцу тIамехь эшийта тхайн ницкъ мел берг дийр ду оха. Оцу тIамехь Украинас толам баккхарца бузу сан халкъо, дагестанхоша, шайн боллу сатийсамаш. ХIунда аьлча, мостагI тхан юкъара ву, цундела тхо тешна ду, тхан юкъара толам хир бу аьлла. Мухха хилахь а, цунах тешаш вехаш ву-кх со.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG