Оьрсийчоь экомика гIелъяларан мур ловш ю, амма хьалха санна вуно тIеман кхерам бохьуш ю шеца, къаьсттина кхузаманахьлерчу герзан а, кибертIеман а декъехь, аьлла дIахьедина НАТО-н (Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсан) Инарлин секретара Столтенберг Йенса. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.
"Оьрсийчоь – экономикан агIор мехала хиларан гIелъялар ловш пачхьалкх ю. Чоьхьа дина сурасташца а, гIуллакхашца а, (цхьхьана шарахь махкахь динчу сурсатийн а, гIуллакхийна рынкан мах хиларца) Оьрсийчоь тIаьхьайисна дуккха а кху дуьнентIерчу пачхьалкхашна. Амма экономика лагIйеллехь а, пачхьалкх экономика лагIяларан хьал ловш ялахь а, иза кхерам бохьуш хила мегаш ю", - дIахьедина НАТО-н куьйгалхочо CNBC телеканалехула вистуьлуш.
"Иза коьртачу декъана доьзна ду, Оьрсийчоьнан зарратан герз хиларца. Ткъа Оьрсийчоь инвестицеш хьежош ю шен кхузаманахьлера тIеман таронаш алсам яха, керла гиперсоник олу ракеташ а, ткъа иштта керла зарратан ракеташ а кхузахь Европехь дIахIиттош. Цундела вай цуьнга хьежа деза боккхачу тидамца", - аьлла Столтенберга.
И комментареш цо йина Оьрсийчоьнан а, Малхбузенан а юкъаметтигаш иръелла а йолуш, Оьрсийчоьно шен эскарш дIахIиттош хилар бахьана долуш Украинин дозанехула.