ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь Интерполера арайаккхар доладе, аьлла хьехна Зеленскийна дагестанхоша


Интерпол. Гайтаман сурт
Интерпол. Гайтаман сурт

"Дагестанхойн къоман центран" (Киев) жигархоша петици йолийна Украинан президентан сайтехь, Оьрсийчоь дуьненайукъарчу криминалан полицин хьукматна йукъара арайаккхар доладе, аьлла дехар деш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира центран куьйгалхочун гIовсо Чаринский Iелас.

Цо билгалдаьккхира, Украинехь а бехаш, оьрсийн агресси йухатухуш цунна гIо а деш болу дуккха а дагестанхой Интерполан лехамашкахь бу Оьрсийчоьнан дехарца.

"Цунах тхуна проблема хилла, тхоьх цхьанна Молдовера (Оьрсийчу) депорт йеш лаьттара. Оха иза кIелхьараваьккхира", - аьлла Чаринскийс.

Текстехь дийцина ма-хиллара, Интерполан низамаш хьешарна, "оцу хьукматна дискредитаци йеш гIуллакхаш лелорна", политикан бух тIехь нах хьийзорна, "ражан дуьхьалончашна а, церан доьзалшна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дахарна а" арайаккха йеза Оьрсийчоь Интераполера, боху цара. Карарчу хенахь петицина кIел вазвелла 647 стаг – оьшург ву 25 000.

Цо билгалдаьккхира, Оьрсийчоь Интерполера арайаккхаран инициатива къаьсттина Украинан президенто Зеленский Владимиро кховдо йезаш хилар.

"Инициатива тхоьгара хилахь, дуьненан йукъаралло тидам бийр бац. Коьртехь Зеленский Владимир а волуш, Украинан президентан аппарата и хьалхататтахь, тIаккха, тхо тешна ду, цунна гIо дийр ду оцу тIехь", - билгалдаькхира Чаринскийс.

"Дагестанхойн къоман центр" кхоьллира Дагестанера схьабаьхкинчу Украинерчу бахархоша, Оьрсийчоь Украинина чугIоьртиначул тIаьхьа. Вовшахтохараллина йукъахь дакъа лоцуш бу Оьрсийчохь, Украинехь, Туркойчохь, Европан пачхьалкхашкахь беха дагестанхой а. Цуьнан куьйгаллехь ву Мирзоев Джабраил.

  • Гурахь Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа хиллачу мехкийн а, Европерчу пачхьалкхийн а бакъонашларъярхойн тобано кехат дахьийтира Интерполе, Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а бахархошна политикан бахьанаца тIаьхьабевлла леларехь гIоьналла латточу политикана дуьхаьло йе аьлла, кхайкхамбеш. Буьйцурш бу Интерполан системехула Оьрсийчоьнан дехарца лоьху нах.
  • Лахьан-беттан йуьххьехь иттанаш нохчий Хорватехь дIалецарх лаьцна хиира. "Европерчу нохчийн ассамблейн" хаамашца, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина хиллера, кхерамаш туьйсуш, сийсаза къамелаш дина хиллера, иштта миграцин белхахоша шайна дуьхьал озабезамаш лелорах, лоьрийн гIо ца кхачорах лаьцна латкъамаш бина хиллера цара. ТIаьхьо цхьа хьенехан экстремистийн боламашца боьзна бу аьлла шеконашца экстрадицин кхелаш йуьйлайелира Хорватехь цхьаболчу нохчашна дуьхьал. Нохчийчуьра мухIажарш Австрехь дIалецарх лаьцна а дуьйцура.
  • ТIаьххьарчу шерашкахь Францино депорт йина иттанаш нохчийн мухIажаршна, республика йозуш цахиларехьа къийсам латтийнарш бу царлахь, йа Кадыровн Рамзанан рожах зен хилларш бу, царна Оьрсийчохь лаьтта кхерамаш тидаме ца оьцу, боху Comité Tchétchénie а, Habitat-Cité векалша. Церан билггал долу терахь хууш дац: депорташ йинчу нехан гергарчара шайга орца дехна меттигаш бен ца йевза царна.
  • Нохчийчуьрчу вахархочунна О. Зеламхана депорт йан дагахь йу Франци, даймахкахь Iазапехь латто мега иза, низамехь доцуш вен а кхерам бу. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига цуьнан уллерчу накъоста дийцина, шен цIе ца йаккхар дехна цо кхерамазалла ларйархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG