ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь терроризмана гIо латторан пачхьалкх лоручу резолюцехь Нохчийчоь хьахийна


Соьлжа-ГIала, 1994-гIа шо
Соьлжа-ГIала, 1994-гIа шо

Оьрсийчоь терроризмана гIо латторан пачхьалкх хилар тIелоцуш резолюцина регистрации йина Американ Сенатехь. Цу тIехь дагардо оьрсийн эскаро Украинехь лелийна зуламаш, йолахойх пайда эцар а, иштта хьахайо Нохчийчоь а.

Резолюцехь дуьйцу, Путин Владимира куьйгалла дечу Оьрсийчоьнан урхалло лелориг терроризман акташ хета Сенатана, иштта пачхьалкхан секретаре кхайкхам бо, Оьрсийчоь терроризмана гIо латтон пачхьалкх хилар тIелацар.

"1999-гIа шо доладелчхьана Оьрсийн Федерацино хержамаш боцуш ницкъ бора Нохчийчоьнан бахархошна, шен декъехь маьршачу бахархошна дуьхьала кассетан тIеман гIирс а лелош, оцу бахьанца 50 000 нохчо, доккхачу декъанна маьрша бахархой, байъира, йа тIепаза байра", - билгалдоккху резолюцехь.

Кехатан авторшлахь – шина а партин сенаторш, демократ Блументаль Ричард а, республикхо Грэм Линдси. Украинера тIом болабалале Оьрсийчоьно терроризмана гIо латтадора, билгалдаьккхина Блументаля, яздо "Голос Америки" гIирсо.

"Буьззинчу барамехь тIамца чугIорта кIезиг хан йиссича, шина партех лаьттачу делегацица со хилла Украинехь, сан белхан накъосташа Зеленскийга хаьттира: "Шу кхоьрий Оьрсийчоьнан тIелатарх? Цо тхоьга схьа а хьаьжна элира: "Оьрсий тхан махкана тIелетира 2014-чу шарахь, цара тхан 14 эзар стаг вийра. Цара [оьрсаша] шерашкахь терроризмана гIо латтийра, цара цунах жоп дала а деза", - аьлла Блументаля.

20 шарахь Путинна тIе ца лоцура байъинчу нахах жоьпалла, аьлла Грэм Линдсис. Цо билгалдаьккхира, Американ Конгрессо Украинана гIо даран низамна юкъа Оьрсийчоь терроризмана гIо латтон пачхьалкх хилар тIетохахь, иза "вуно чIогIа хаам хир бара Оьрсийчоьнан урхалхочун кепехь Путин легитиме хеташ ца хиларан".

  • Пачхьалкхан департаментан сайтера кхеторашца а догIуш, терроризмана гIо латтон пачхьалкхаш – уьш масийттазза дуьненаюкъарчу терроран акташна гIо динарш ю. Американ кхаа низамца билгалйоху уьш: тIелатарна националан духьало йан магоран низаман 1754(с) дакъаца, герзана экспорт йаран контроль латтон низаман 40-гIа дакъаца, арахьа гIо латторан низаман 620А дакъаца а.
  • Стигалкъекъа-баттан 11-гIа де – Украинерчу тIеман 77-гIа де ду. Украино дIахьедина, Луганскан кIоштера шайн латтанашна оккупаци ярна Европе йоьду газан транзит кхузза лахъян дезна шайн, аьлла. Американ Къоман талларан директорна хетарехь, Путин Владимир "бахбинчу тIамна" кечам беш ву. Украинера шайн лаамна дуьхьала дIабаха дезначийн терахь 8 миллионе даьлла. Литван Сеймо Оьрсийчоь террорхойн пачхьалкх лерина. "Аль-Джазирано" оьрсийн салтийн декъеш чохь долу рефрежератор гайтина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG