ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан активаш Украине дIайала тарлуш хиларх низам тIеэцарна Кадыровс кхерамаш туьйсу Эстонина


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбина Эстонина ракеташца тохарш де аьлла. Дуьненайукъарчу санкцийн буха тIехь Оьрсийчоьнан бахархойн совцийна йолу активаш Украине дIайала бакъо лун низам оцу пачхьалкхехь тIеэцарна иштта реакци йина цо.

Шен телеграм-каналехь вистхилла Кадыров Рамзан кхерамашца. Цо бахарехь, "Оьрсийчоьнан дозанал арахьара активаш – уьш боллу Оьрсийчоьнан бахархойн активаш йу", цундела "вайна бакъо йац" "прагIат Iен" вайца "доттагIаллехь йоцу пачхьалкхаш" "нехан бахамна тIекхийдачу хенахь".

Эстонин парламенто низам тIеэцна, Евроберто Украинерчу тIамаца боьзна хетачу эстонхойн а, Оьрсийчоьнан компанийн а, нехан а активех, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Низамца а догIуш, и кхочушдарна тIехь терго латтор йу Эстонин арахьарчу гIуллакхийн министралло. Украина декхаре хир йу дина зен меттахIоттаде аьлла догIуш долу тIедахкарш дан. Активийн долахойн бакъо йу шайн бахамах пайдаэцарх бина сацам къовса административан кхелехь.

Хьалхо хаамбора нохчийн дакъоша къола дарх шаьш схьайаьхьначу украинхойн территореш тIехь –кадыровхоша меттигерчу бахархойн хIуманаш лечкъайора, гуманитаран гIо ду бохуш, украинхойн кхачанан сурсаташ дIасайоькъура. Иштта цара Украинан дIалецначу дозанаш тIера йуьртбахаман техника лачкъийра– кхоъ комбайн, трактор, хIутосург. Амма машенаша болх ца бира – царна генара блок тоьхнера.

Кавказ.Реалиин сайто шуьйра дийцира, Кадыров Рамзанан кланан декъашхоша номиналашкахула схьайахарх Украинан оккупаци йинчу меттигашкара активаш а, латтанаш а. Царлахь йара Мариуполан металлургин Ильичан цIарах комбинат – Донецкан кIоштара йоккха индустрин завод.

  • Кадыровс хIинцале а кхерамаш тийсина кхечу пачхьалкхашна. Украине тIамаца чугIортале хьалха цо дIахьедора, Оьрсийчоьнан президентан метта ша хилча "тоххара Украина схьайаьккхина хир йара", тIаьхьо Украинан президентана Зеленский Владимирна кхерамаш тийсира, чIир а хьейира цуьнга. Иштта кхерамаш тийсира цо, Польша "ялх секондехь" схьайоккхур йара ша бохуш. Варшавехь оьрсийн векална Андреев Сергейна тIе цIен басарш Iенор бахьана хIоьттира иштта дIахьедарш дан.
  • Цул совнах, Нрхчийчоьнан урхалхо тIекхохкавелира Американ президентана Джо Байденна а, "ша дуьненан жандарм хеташ волу маньяк" ву иза аьлла, вукхо Путинах "нах бойъу диктатор" аларна. ТIаккха Кадыров девнаца чухьаьдира Казахстанна а, иза хилира президента Токаев Касым-Жомарта Санкт-Петербургерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь Астанас "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а суверенитет къобал ца йо аьлча.
  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Оьрсийчоьнан президентан пресс-скекретаро Песков Дмитрийс, Кадыровн аларшна комментарий йеш, дагадаийтира цунна арахьара политика федералан сферо лелош йу, регионалан Iедалан карахь йац и аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG