Керла низамаш юкъадаьхна Оьрсийчоьнан Центробанко карахь долчу валютаца – Оьрсийчоь Украинана тIелатарца доьзна малхбузен пачхьалкхаша цкъа а ца хиллачу кепара санкцеш царна дуьхьалъяьхначу хьелашкахь. Банкашна доьхкур ду бахархойн кара валюта йохка, ткъа валютан чоьташ тIера 10 эзар гергга долларшкахь бен ахча схьаэца магор дац, дисинарг – ахча дIалучу дийнахь йолчу курсаца соьмашкахь лур ду.
Оьрсийчоьнан банко цIе яьккхина низамаш цхьана ханна ду, чIагIдарехь, цара болх бийр бу эхашарахь - Зазадокху-беттан 6-чу дийнера Гезгамашин-беттан 9-чу дийне кхаччалц.
Центробанкан хаамехь боху, клиентийн чоьташ тIера йоллу валюта латтор ю, амма 10 эазр соьме кхаччалц бен цхьа ца оьцуьйтуш, доза тухур ду, нагахь санна, банке делла ахча кхечу валютехь делахь а, хIетте а долларшкахь юхалур долуш ду. "Оцу билгалъяьккхинчу хеначохь хIоттийначу къепехь банко духкур дац бахархошна кара а луш, валюта", - аьлла ду хаамехь. Карара валюта хийца таро хир ю мичча хенехь а, муьлххачу барамехь а.
- Шинарин дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш ехира, доккхачу декъанна, дихкира мехкадаьтта чудар. Оцу дийннехь цхьа могIа яккхийчу корпорацеша дIахьедира, Оьрсийчохь болх сацорах.