ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан берийн омбудсмен Кузнецова дуьхьал ю бертаза вакцинаци ярна


Берийн омбудсмен Кузнецова Анна
Берийн омбудсмен Кузнецова Анна

Дешаран шо герга кхочучу юкъанна коронавирусах берашна вакцинаци ярх дуьйцучу Оьрсийчохь берийн бакъонаш ларъян векал йинчу Кузнецова Аннас дIахьедина, бертаза берашна прививкаш ярна ша дуьхьал ю аьлла. Новости агенталло яздо цунах лаьцна.

"Уггар хьалха суна ала лаьа нийса а, хадам боцуш а: шеко йоццуш, тхо дуьхьал ду муьлххачу а лаамехь йоцчу вакцинацина, дешархошна аьлла ца Iаш, кхиазхошна а, муьлххачу хенара болчарна иза еш елахь а. Цхьа а тайпа бертаза вакцинаци йойла дац, уьш тешорца, цаьрца къамел а деш, хIуьттучу хеттаршна жоьпаш а луш хила деза, нагахь санна, оьшуш делахь", - аьлла журналисташка Кузнецовас.

Цо бахарехь, COVID-19 вирусна дуьхьал мехий деттийтитина боцучарна "цхьана а кепара санкцеш" етта оьшуш дац.

"Массо а деша дIабуьйлалур бу, чIогIа коьрта ду, дешархой школе дIабахар, дистанцин дешарна тIе а ца бохуш. Школехь дешийта деза берашка, царна оьшуш мел долу хьелаш хIиттон деза, оцу Iалашоне гIорта а деза вай", - аьлла омбудсмено.

  • Оппозицин IADAT телеграм-канало чIагIдо, Нохчийчохь прививкаш яйтина боцчу нахера машенаш схьаяха тарло, ткъа пачхьакхан белхахошна тIедиллина вакцинаци яйта шайгара нах тIебалор, бохуш.
  • "Кавказский узел" интернет-гIирсо хаам бира, дас-нанас прививкаш яйтина аьлла, тоьшаллин кехат да аьлла, дешархошна тIедожорах.
  • Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархочо дийцина ресурсна, балхара дIавоккхур ву аьлла, кхерам тесча декхаре хилира ша вакцина тохийта аьлла.
  • Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG