Оьрсийчоьнан дехарца Интерполехула лехамашка велла хилла цхьахйолчу Евробертан пачхьалкхан вахархо волу нохчо лаьцна Германихь.
Бакъоларъяран «Вайфонд» ассоциацино дIахьедина, лаьцначун гIуллакх девзаш ду шаьш, цунна дохку бехкаш политикан бух болуш а ду аьлла. Цундела, чIагIдо бакъоларъярхоша, Интерполо шайн регламент йохийна, цуьнан хьокъехь "цIен дIахаийтар" ара а хецна, аьлча а, цкъа хьалха иза лацарца.
Ассоциацино боху, нагахь санна, Германино иза дIалуш сацам бахь, пачхьалкхо йохош ю цхьа могIа дуьненаюкъара адам Iалашдаран бакъонаш, оцу стагана билггал Iазап а, стеган сий дойу харцонаш а тIехь лелор ю ала меттиг белахь, Евросоюзан Хартино дIахIоттийна иза дIавалар дехкар а цхьаьна тIехтосу.
- Товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон системехула лецира Нохчийчуьра мухIажар. ТIаьхьо Вайфонд ассоциацин аьтто белира дуьненаюкъарчу лехамашкара иза дIаваккха.
- Иштта Оьрсийчоьно Интерполехула дIавоьхуш хилла нохчийн мухIажар лецира Эстонихь. ТIаьхьо лаьцначуьра дIахийцира иза а.
- Хьалхо дийца даьккхира, гIаттамхошлахь хилла ву аьлла, Оьрсийчоьно бехкевина, Евробертахь а, Британихь а мухIажарийн статусаш йолу Дагестанера вахархо а, Нохчийчуьра ши вахархо а Интерполон комиссино дуьненаюкъарчу лехамашкара дIаваьккхина хиларх.
- Украинехь тIом болабелчхьана кест-кеста нисло тховкIело ца йелла, йа Европан мехкашкара нохчашна депортаци йина меттигаш. Доккхачу декъанна, Къилбаседа Кавказера схьабевллачу Оьрсийчоьнан бахархоша сих-сиха латкъамаш бо, динан а, къоман а билгалонашца дискриминаци лелайо шайца Румынин миграцин хьукматаша бохуш. Бакъоларъярхойн хаамашца, къаьсттина хьакхаделла и нохчех: уьш лаца мега, йа царна депортаци ян тарло Румыних чекхбовлучу хенахь, ур-атталла, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а.
- 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
- Нохчо Ш.Артур Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву Швецино - мухIажаран статус цунна яла дуьхьало йира Швецин миграцин Iедалша. «Вайфонд» ассоциацихь дийцира Кавказ.Реалиина, Нохчийчохь Ш.Артурна тIехь гIело латтийна аьлла.