ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскаран куьйгалла емалдина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьно Украинехь бечу тIамехь Харьковн кIоштара оьрсийн эскар юхадаларна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йина.

Шен телеграм-каналехь зорбане яьккхинчу аудио тIехь политико билгалдаьккхира, оьрсийн эскархоша Изюм, Купянск, Балаклей дIатасар "цхьа а маьIна долуш хIума дац", цо чIагIо йина и гIаланаш юхайохур ю шаьш аьлла.

"Цигахь хIинцале а тхан нах бу, эскархой леррина кечбина бу оцу балхана. Кхин а итт эзар эскархо кийча ву цига ваха, тIейогIучу хенахь тхо Одессе кхочур ду, гур ду шуна билггал долу жамIаш", - аьлла Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, Харьковн агIор Оьрсийчоьнан буьйралло "ледарло ялийтар", амма "цара догIуш долу хьесап дийр ду". Оцу юкъанна цо кхерам тесна, нагахь санна, тIейогIучу заманчохь тIемаш баран стратеги хийца ца хийцахь, ша "декхаре хир ву" Оьрсийчоьнан тIеман а, пачхьалкхан а куьйгалле вала, "билггал долчу хьолах лаьцна дIахаийта".

"Хьал чIогIа интересе ду. Инзаре тамашен хьал ду, эр дара ас, - тIетоьхна Кадыровс. – Тахана масех гIала а, эвла а дIаяларца а ду шен плюс".

  • Гезгамашин-беттан 7-чохь дIахьедира Кадыров Рамзана, Украинерчу тIамехь дакъалаца Росгвардин – "Север" полкан шиъ нохчийн дакъа хьажорах (Соьлжа-ГIалахь куп тоьхна Кадыров Ахьмадан цIарах 141-ра полк) а, "Юг" батальонан а (Веданахь куп тоьхна 249-гIа батальон).
  • Дахначу кIиранах ВСУ-но долийна Харьковн кIоштара дIаяьхначу меттигашна контртIелатар. Гезгамашин-беттан 8-чохь Оьрсийчоьнан эскарша шаьш юкъадерзорна а кхоьруш, дIатесира Балаклей гIала, гезгамашин-беттан 10-чохь – Купянск. Цхьа могIа хаамашца, герга ду украинхойн эскарша Изюм а, Лиман а схьаяккха а.
  • Гезгамашин-беттан 10-чохь Оьрсийчоьнан тIеман министрало дуьххьара комментари йира Харьковн кIоштара юхадовларх. "Донецкан аIгор ницкъ тIабахийта" Iалашонца "эскарш кхечухьа дехьадоху операци" ю элира иза урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG