ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскаран уставо бохург ца до Украинерчу Кадыровн дакъоша


Калыровн тIеман дакъойн эскархой гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан эскаран уставан билламаш кхочуш ца бо Украинерчу Кадыровн дакъоша. Цунах лаьцна дIахьедина, чиллан-беттан 24-чохь долийначу тIелатарехь дакъалоцуш хилла, цул тIаьхьа тIеман агресси емалйина, "ZOV" книги тIехь цунах лаьцна яздинчу Филатьев Павела

Republic гIирсана еллачу интервьюхь Оьрсийчуьра дIавахначу Филатьевс дийцира, ша Нохчийчохь гIуллакх дарх а, Кадыровн Украинерчу дакъошца цхьанакхетар бахьана долуш шен зеделлачух а. Доккхачу декъанна, Оьрсийчоьнан десантхочун дешнашца, чугIоьртинчу хьалхарчу шина беттачохь цунна цкъа а гина бац хьалхарчу позицешкахь Нохчийчуьра бIахой.

"Кадыровхой – Росгвардин дакъош ду, ткъа Росгварди шолгIа лини ю (тIелетачу хенахь -билг.). Украине уггар хьалха чудахара ВДВ-н дакъош, даккхий зенаш а хуьлуш", - дийцина Филатьевс.

Оцу юкъанна, дIахьедина цо, кадыровхойн дакъош – "чIогIа дика Iамийна, дика бузийна, дика лелара", дийцина десантхочо. Делахь а, аьлла билгалдаьккхина цо, Нохчийчуьра эскархой беха "шайн низамашца".

"Оьрсийчоьнан армин устав царех хьакхалуш дац… Цхьа оьрсийн инарла цига гIур вац, йа шен бага схьа а йоьллур яц", - дIахьедина Филатьевс, кхечу тIемалошлахь урхалла дечийн авторитет юхуш ю кадыровхойн лелар бахьана долуш аьлла, билгалдоккхуш.

Десантхочо комментарий йина иштта, социалан машанашкахь Нохчийчуьрчу эскархоша зорбане йохучу видеон а.

"Шаьш тIемаш беш цара цхьа видеош гойтуш – со хьоьжу цуьнга, кхеташ, тIеман тийсадаларш санна и цахиларх. ТIом бар дац иза, цхьа тIамна йеш пароди ю", - дIахьедина Филатьевс.

  • Украинан кхерамзаллин урхалло таллам болийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь, цунах шек бу пачхьалкхан Зуламан кодексан Iедалан кхаа къепехь: къиза тIом бар, территорин цхьаалина тIелатар, Оьрсийчоьнан тIеман агресси къобалъяр. Украинана дуьхьал зуламаш лелор бакъ дац ца баьхна Кадыровс.
  • Марсхьокху-беттан 17-чохь Украинан тIеман министраллин талламхойн урхалло дIахьедира, Нохчийчохь вовшахтухучу керлачу йеа батальонашкахь ницкъахоша лечкъийна бигина нах бу аьлла. Киевн хаамашца, доккхачу декъанна бу уьш нохчийн ярташкара бахархой – царна кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха йа къизаллаш лелор ю олий. Украинхойн таллархоша мах хадабо цуьнан, Оьрсийчохь тIом бан луурш кIезиг хиларца. Оцу чIагIдарех лаьцна комментариш ца ло йа Москвахь а, йа Соьлжа-ГIалахь а.
  • Товбеца-баттахь украинхойн агIоно дIахьедира, Нохчийчохь вовшахдиттина тIеман дакъош Херсонан кIошта дехьадахарх, дезертиралла лелочу салташца къийсам латторехь пайдаоьцур бу царах аьлла.
  • Оьрсийчоь Украинана чугIоьртинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна тIеман теми тIехь пиар лелош ву Кадыров. Нохчийчуьрчу эскархошца яьккхина бIе видео хIинцале а зорбане яьккхина цо, масийттазза кхерамаш тйисира Киевс схьаойоккхур ю бохуш, (иштта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин дIахьедаршца бIостане), 30-зза сов дIакхайкхийра Мариуполь "маьршайоккхур" ю аьлла, шога дIахьедарш дира Украинан президентан цIарах, зарратан герзах пайдаэцар хьехош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG