ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскархойн зуламаш таллар тIедожийна Нохчийчуьра схьабевллачара Нидерландашкахь


Гаагера акци, Охан-беттан 23-гIа
Гаагера акци, Охан-беттан 23-гIа

Оьрсийчоьнан политикан а, тIеман а ницкъаша Нохчийчоьнан бахархошна тIехь дина зуламаш ца хьехорна дуьхьала пикет хIоттийна Европехь бехачу нохчийн диаспоран векалша. Гаагерчу Дуьненаюкъарчу бехктакхаман кхелан гIишлонна хьалха дIаяьхьна и акци.

Акцехь гулбира бIе гергга Австрера, Нидерландашкара, Бельгера, Францера, кхечу пачхьалкхашкара нохчий, хаамбо Кавказ.Реалиин корреспонденто. Иштта цига баьхкира украинхойн диаспоран векалш а. Ичкерин байракхаш йоцурш, гуламе баьхкинчаьргахь яра Украинан а Азербайджанан а байракхаш а. Украине тIамца оьрсийн чугIортар Нохчийчуьрчу шина тIамах тардора къамелдечара.

Митингехь вара тIе ца эцначу Ичкерин урхаллин куьйгалхо Закаев Ахьмад. "Нохчийн къам цкъа а къера хир дац шайн Оьрсийчоьнах доьзна долчу хьолана", - дIахьедина политика.

Гаагера акци, Охан-беттан 23-гIа де
Гаагера акци, Охан-беттан 23-гIа де

Жоьпалла ца хиларо аьтто ло Путинна Украинехь керла зуламаш дан, Ичкерина дуьхьала лелийна некъаш ду цо цигахь лелош дерш, аьлла гуламехь дуьненаюкъара "Машар а, адамийн бакъонаш а" ассоциацин президента Ибрагимов Саид-Эмис.

"2014-чу а, 2018-чу а шерашкахь оха Дуьненаюкъарчу бехктакхаман Гаагерчу кхеле арз хьажийра, Путина а, цуьнан эскарша а лелочу цIий Iеноран зуламашна тоьшаллаш а долуш. Амма хIинца а оцу зуламийн таллам бац болийна", - дIахьедина Ибрагимовс.

Митингехь гулбеллачийн кхайкхам тIехь болу резолюци кхелан белхахошка дIакховдийра.

  • Оьрсийчоь Украине гIоьртинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна Кадыров Рамзана пиар лелайо тIеман теми тIехь. ХIинцале бIе видео хIоттийна цо Нохчийчуьрчу эскархошца яьккхина, масийттазза кхерамаш тийсира Киев схьаяккха (иштта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин дIахьедаршна дуьхьал а), 26-зза дIакхайкхийра Мариуполь "мукъаяккъарх", шога дIахьедарш дира украинхойн президенте а, оьрсийн хьаькамашка а, кхерам тесира зарратан тохар дан а.
  • Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша республикера шайн лаамехь Украине боьлхучех видео яржийна – оцу тIехь хеза уьш новкъабохучу зударийн белхар. Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо, меттигерчу бахархошка бертаза дакъалоцуьйтуш ду тIамехь, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевллачу нахе а цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG