ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскарш Украинина тIелета мегаш ду бохург харцдан цахIоьттина Песков


Песков Дмитрий
Песков Дмитрий

Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара Песков Дмитрий харцдан ца гIоьртина Украинин территори тIехь Оьрсийчоьнан тIелетаран герзаш дIахIитто мегаш ду бохург. Агентство Bloomberg агенталло ялайо Песковс америкахойн CNN телеканална еллачу интервьюн фрагмент, иза араяла езаш ю кIиранан дийцахь хIора кIиранах хуьлучу Fareed Zakaria GPS" программехь.

Кремлан официалан векло хазийтина кху кепара фраза: "Тхо дагахь дац чIагIда, Украинин территори тIехь оха тIелета оьшуш долчу гергаш дIахIиттор дац бохург". Цуьнца цхьана Песковс аьлла, дуьйцург дац Украинина дуьхьал тIемаш бар дац.

Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Шташа дIахьедира, шайгахь информаци хиларх лаьцна, Оьрсийчоь питана кечдеш хиларх, леррина кечбинчу нахах пайда а оьцуш, Украинин территорина тIелата шена бахьана даккхар Iалашонца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG