ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан ФСБ-н ворхI болхахочунна дуьхьал санкцеш яьхна Британино


Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна дIавш даларна бехке бу аьлла, тIечIагIдечу ФСБ-н 7 белхахочунна дуьхьал санкцеш яьхна Британино. Марсхьокху-беттан 20-чохь шо кхочу цунна кIело йина.

Reuters агенталло хаам барехь, Британера церан активаш совцош, санкцеш дуьхьалъяьхна Александров Алексейна а, Паняев Владимирна а, Осипов Иванна а, Богданов Владимирна а, Васильев Кириллна а, Седов Алексейна а.

ФСБ-н криминалистикан Институтан коьртехь ву инарла Васильев Кирилл, Конституцин хIоттам Iалашбеш, терроризмца къийсам латточу хьукматан куьйгалхо ву инарла-полковник Седов.
Леринчу техникан Центран урхаллехь ву Богданов Владимир.

Оппозиционерна дIавш даларх Bellingcat-н белхахоша стохка ГIуран-баттахь зорбане баьккхинчу талламаехь хьахийна уьш берриш а. Масех шарахь Навальныйна тIехь терго латтийна ФСБ-н офицераш бу аьлла, билгалбаьхна бу уьш. Навальныйна дIавш делла бохучув юкъанна, царех цхьаберш Томскехь хиллера.

Британин Iедалхойн сайтехь Iорадаьккхинчу тептарехь яздо, химин герзах пайда а оьцуш, Навальныйна тIелатар динчех Александров Алексей хиларх тоьшаллаш ду аьлла.

Санкцийн тептаре баьхначарех цхьаммо а комментарий йина яц, билгалдоккху Reuters агенталло.

Хьалхо къайлахчу сервисийн белхахоша тIе ца дуьтура бехкаш, шайн балхана а, Оьрсийчоьнна а дискредитаци ярхьама лелош провокаци ю бохура цара.

Британино а, Евроберто а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а дуьхьал санкцеш кхайкхийра оьрсийн хьакамашна а, инарлашна а, Навальныйн дIавш даларна уьш бехке хеташ жимма хьалха. Ткъа хIинца Лондоно санкцеш кхин тIе а шорйина билггал бехке хетачарна дуьхьалъяьхна хилла йолу.

  • Навальный лецира, шена "Новичок" дIовш деллачул тIаьхьа Германехь дарба а дайтина, цIакхоччушехь. Москварчу Симоновскийн кхело цунна 2013-чу шарахь цIахь такха тоьхна хан набахтин хьесапе яьккхина Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран урхаллин (ФСИН) дехарца.
  • Урхалло оппозиционер бехкевира кхело кхайкхийна хилла хьелаш лар ца дарна, амма Навальныйс иза харцдо.
  • Владимирскан кIоштарчу Покров гIаларчу ИК-2 колонехь хан токхуш ву Навальный Алексей. Ши шой, бархI буттий хан ю цо цигахь яккха езарг. Оппозиционер Навальный Алексей ша чохь кхобучу изоляторна тIехьожучу комиссино тергоне эцна лаьцначура вада тарлуш верг санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG