Украинерчу тIамехь Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин а ялх эскархочун кхалхарх хиина: виъ Волгоградан махкара, цхьацца – Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкара.
Ставрополера Newstracker гIирсано Кировн кIоштан куьйгалхочунна тIе а тевжаш дуьйцу, Украинехь лакхара сержант Львов Иван верах лаьцна. Советская эвлахь дIавоьллина иза.
Кубанерчу 93.ru гIирсанна хиина, Краснодаран уллера Старокорсунская эвлан вахархочун, 21 шо долчу рогIерчу эскархочун Руденко Александран кхалхарх. ХIорданан гIашсалтийн 810-чу тобанехь тIеман декхарш дIахьош вара Руденко, вийра Стигалкъекъа-беттан 18-хь.
Волгоградан махкара эскархой байъарх дуьйцу V1.ru гIирсано. Урюпинскехь меттигера вахархо 44 шо долу Макаров Виктор дIавоьллира, цо лаамхочун кепехь дакъа лаьцнера Украине чугIортарехь. Стигалкъекъа-беттан 28-хь вийра иза Харьковскан мехкан Дергачевскан кIоштан Цуповка эвлахь. Хьалхо Макаровс МВД-н спецназехь болх бина.
Кхин а цхьаъ дIаволлар хилира Волгоградехь. ГIалан 37 шо долу вахархо Сенцов Михаил иччархо вара, хьалхо Шемарчу тIамехь дакъа лаьцнера цо.
Цул сов, Светлоярскан кIоштахь дIавоьллина 31 шо долу сержант Кутьков Андрей, цо иштта Шемарчу тIамехь дакъа лаьцна. Иза вийна Украинехь Зазадоккху-беттан 4-хь.
Краснослободскан гIалан Среднехтубинскан кIоштахь 21 шо долу Душутин Никита дIавоьллира, Псковскан десантийн тобанан 6-чу ротехь вара иза.
Иштта, карарчу хенахь Кавказ.Реалиина девза Украинехь Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а схьабевллачу 601 эскархочун кхалхарх; Волгоградскан махкара беллачийн девзаш долу терахь 104 стаге кхаьчна. И хаамаш зорбанан гIирсашкара а, Iедалхойн дIахьедаршкара а, Кавказ.Реалиин хьостанашкара а бу. Биллгал болу эшамаш хаъал дукха хила тарло.
Хьалхо V1.ru портало шен тептар дара лелош, Волгоградскан махкара беллачийн цIерш язъеш. Амма V1.ru санна "Городские порталы Shkulev Media Holding" юкъайогIучу 60.ru гIирсано хIоттош хилла Пскован махкара беллачийн тептар Мангал-беттан 6-хь Калининградерчу кхело мегийна йоцу материалаш лерира.
Кхелана хетарехь, беллачийн тептар хIоттор "низамна дуьхьала ду, конституцин хIоттаман а, гIиллакхан а бух галбоккху, негативе бакъонийн хьежамаш кхуллу, низамна дуьхьала лелар кхуллу, зуламаш дарна гIо до". Иштта кхелана хетта, тептарера хаамаш пачхьалкхан къайле ю, уьш гIардахарна бехктакхаман гIуллакх делла мега, уьш диллинчу хьостанашкара схьаэцна делахь а.
Цул тIаьхьа V1.ru гIирсано шен тептар дIадаьккхира.
- "Оьрсийн Би-би-си сервисо" динчу зерашца, Стигалкъекъа-беттан 30-хь долчу хьолаца, Украинехь кхелхинчу 3052 оьрсийн эскархочух хиина, царах 152 стаг – лакхара эпсарш бу. Журналистийн хаамашца, меттигерчу администрацийн а, зорбанийн а хаамаш кешнашкахь дIабоьхкинчу нахаца буьстича, билггал хууш долчу эшамашкахь 40-60% кIезга беллачийн цIерш хила тарло, баккъала а Оьрсийчохь дIабоьхкиначул а.
- Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIаръяккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а дукха ду.
- Охан-беттан 20-хь хиира, Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь кхелхинчу эскархойн гергарчу нахах лаьцна хаамаш къайладахьа сацам бина хилар.
- Мангал-беттан 1-гIа де – Украинехь тIом боьду 103-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскаро Донбассана тIе тохарш до: Счастье, Рубежное, Лисичанск гIаланаш ерриг аьлча санна хIаллакйина. Северодонецкан урамашкахь чолхе тийсдаларш ду: гIала шина декъе екъна ю. Попасная кIоштахь оьрсийн эскаран инарла-майор вийра. Украинан президент Зеленский Владимир тIеман фронтехь хилира.