ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан МИД-ехь критика йина Туркойчохь Ичкерин хьалхарчу президентана хIоллам хIотторна  


Дудаев ЖовхIар
Дудаев ЖовхIар

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь критика йина туркойн Кëрфез гIалахь хIоллам хIотторна йозуш йоцуш пачхьалкх хилар къобалдина йоцчу Ичкерин хьалхарчу президентана Дудаев ЖовхIарна. Цуьнах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино.

РИА "Новости" агенталло даладо Оьрсийчоьнан димломатин хьукматан векало Захарова Марияс аьлла дешнаш. Цо дийцарехь, Москва тIетевжа Дудаев террорхо хилла бохучунна а, ткъа цу тайпа адамашна монументаш яхкар мега доцуш хIума ду бохучунна а. Захаровас билгалдаьккхина, Москван и позици принципан ю, ткъа иза хьакхалуш ю ерриг а кху дуьненерчу пачхьалкхех, аьлла.

Халхо хаам бинера Дудаев ЖовхIаран цIарах йолу парк схьайиллина хиларх лаьцна Туркойчоьнан къилбаседа-малхбузехь йолчу Коджаэли провинцин Кëрфез гIалахь. Парк схьаяьстира Iедалехь йолчу Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа куьйгалла дечу "Нийсонан а, кхиаран а партин" цIарах хаьржинчу мэра Шенер Сёгюта. Церемонехь дакъалоцуш бара, гIалан пресс-сервиса ма яздарра, "нохчийн ветеранаш".

Сёгюта дийцарехь, парк йиллина бюджетан ахчанах, цунна дайъина 3,5 миллион лира (20 миллион гергга сом). Дудаев "майра эскаран хьаькам" вара элира церемонехь вистхиллачу вице-мэра.

  • Кёрфезехь ехаш ю йоккха нохчийн диаспора. 1990-гIа шераш чекхдовлуш тIамах къаьхкина Туркойчу вахара 100 эзар сов нохчи.
  • Хьалхадуьйна Туркойчоь бохл беш яра фонд Imkander, нохчийн тIеман командира Абдулазимов Iимрана кхоьллина йолу. Imkander фондо ахча гулдора нохчийн тIемалоша дарба дан а, ткъа иштта дIахьора политикан акцеш. 2013-чу шарахь дуьйна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехулла и фонд терроран вовшахтохар ларийта гIерташ ю Оьрсийчоь.
  • Инарлана Дудаев ЖовхIарна 90% кхьажнаш дIаделира 1991-чу шарахь ГIадужу-беттан 27-хь Нохчийн Республикехь хиллачу президентан харжамашкахь. Цуьнан дуьхьалончаш латкъамаш бора харжамийн жамIашна фальсификаци йинера бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG