ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш герга кхочуш Кадыровн йоI йукъараллица бечу белхан коьрте хIоттийна


Кадырова Хадижат
Кадырова Хадижат

Махкара йукъараллин организацийн белхах жоп лур ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун, министрийн кабинетан администрацин (АГиП) урхалхочун гIовсан даржехь йолчу 24 шо долчу Кадырова Хадижата. Цунах лаьцна дIахьедина АГиП-нан куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа, Оьрсийчоьнан президентан харжамашна леринчу кеташонехь. Цхьанакхетарехь хилира регионалан харжамхойн комиссин хьалханча Байханов Iумар.

Пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло хаамбарца, Таймасхановс кхеташонехь "билгалдаьккхина хиндолу кхажтасар коьрта" ду аьлла, Байхановс кхайкхамбина, "бахархойн жоьпалла хилар лаккхарчу тIегIанехь дIагайта оцу гIуллакхехь" аьлла. Куьйгалла дан Кадырова Хадижат хIоттийначу цхьайолчу йукъараллин организацийн векалша, шайна догIучунна "харжамаш тоьллачу тIегIанехь дIабахьийтархьама шайн ницкъ кхочучу барамехь гIо дан кийча хилар" дIахаийтина.

Оцу кхеташонехь Кадырова Хадижата хIун дийцина, йа йист а хиллий иза, хаийтина дац пачхьалкхан агенталлин хаамехь. "Йукъаралхошца" мехкан урхалхочун Кадыровн йоIа болхбар муха хир ду а – къаьсташ дац. Хетарехь, и бохург ду, Оьрсийчоьнан президентан харжамаш республикехь дIахьочу йукъанна тIехь терго латтор цуьнан кара делла.

  • Кадырова Хадижат Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин урхалхочун гIовс хIоттийра дечкен-бутт бовш, шен ден сацамца. ХIетахь чIагIдора, социалан блокаца бечу балхана тIехь жоьпалла латтор ду цо аьлла. Хьалхо Кадырова Хадижат Соьлжа-ГIалин школазхойн депортаментан куьйгаллехь йара, цул а хьалха берийн бешан куьйгалхо..
  • США-н, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршка йазйина йу Кадырова Хадижат.
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду Кадыров Рамзанан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG