COVID-19 вирус Оьрсийчохь юха а яржар билгалдаьлла. Роспотребнадзоран зерашца, пачхьалкхан 36 регионехь ун даьллачийн терахь 6,7 проценте даьлла, Москвахь а цхьаьна.
Дийнахь керла ун даьлла 21 эзар стаг хилар къаьста, пандеми яьржичхьана верриг а цомгашхилларг ву 7,5 миллион вахархо.
- ЙоьалгIа тулгIе йолаяларх дIакхайкхийна Нижегородскан кIоштарчу могушалла Iалашъяран урхаллин министро Мелик-Гусейнов Давида: "Ун маса даьржаш ду. Чолхечу хьолехь берш дукха бу, хьалхарчу кхаа тулгIенехь хиллачул а. Баларш алсам хила тарло цундела".
- Аннекси йинчу ГIирмерчу могушалла Iалашъяран министралло "Коммерсанте" бинчу хаамца, коронавирус кхеттачу нехан терахь десташ долу кIира а ду. Регионашна юкъарчу Роспотребнадзоран урхаллан хьаькамо Пеньковская Натальяс бахарехь, коронавирусан 4-гIа тулгIе ца хилча йиш йоцург ду, амма ГIирман бахархошлахь кIезиг бу вакцина йойтурш.
- Пермскан кIоштарчу оперативан штабо дIахьедина, эпидемина дуьхьал барамаш чIагI ца бича девр дац шаьш - синбахамаллин меттигаш а, ресторанаш, кафеш а дIакъовлуш, нах вовшахбетташ барамаш хIиттор а дехка деза аьлла. Цул совнах, оперативан штабо "компромиссе" вариант кечъеш ю - QR-кодаш хилийтар тIедожош.
- Воронежан кIоштахь цхьа де хьалха дIахьедира, кхайкхийна "Чернозем" рок-фестивал хир яц аьлла. Башкирехь а хир ю аьлла хета пандемин 4-гIа тулгIе.
Верриг а Оьрсийчохь вакцинацех чекхваьлла лоруш ву 43 миллион стаг (бахархойн 29 процент).
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 54 процент ву ший а доза тоьхна, ткъа цхьа компонент яйтинарг ву 75%. Эксперташа бIобулуш дIахьедо, йоьду кхоалгIа "дельта-тулгIе" тIаьххьара хир ю, коронавирус эндемин инфекцин статусе йоьрзур ю бохуш.