ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополехь а, Нохчийчохь а дукха хуьлу машенаш йигар


Оьрсийчуьрчу къилбан регионашлахь Ставрполан кIоштахь а, Нохчийчохь а къаьсттина дукха хуьлу машенаш йигар. Машенийн онлайн-таллам бечу "Авотека" сервисо довзийтина оцу кепара зераш.

2021-чу шеран жамIашца а догIуш, къилба Оьрсийчоьнан массо а субъекташлахь машенаш лечкъор наггахь бен цахиларца билгалъяьлла Къилбаседа ХIирийчоь, хаамбина ТАСС агенталло бакъоларъяран органийн хаамашна тIетевжина.

Къаьсттина дахначу шарахь кеста-кеста идийна Корейн Hyundai Solaris а, Kia Rio а машенаш.

ДIоггара еза йоцу машен эца таро йоцчийн хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара меттигаш дIалоцу Къилбаседа Кавказан республикаша. Рейтингехь 85-чу меттигехь ю Нохчийчоь, цигахь 3,5 процентан бен таро яц 700 эзар сом доьху керла машен эца.

Дахначу шеран хьалхарчу ялх баттахь динчу зерашца, бизнесехь уггар а ледара финансийн жамIаш гайтина ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG