ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан регионашлахь Дагестан, Нохчийчоь ю уггар дукха дотацеш еллачех ю


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Федералан бюджетера уггар а дукха дотацеш кхаьчначу Оьрсийчоьнан регионашлахь хьалхара а, кхоалгIа а меттигаш дIалаьцна Дагестано а, Нохчийчоьно а. 2021-чу шарахь субъекташна делла цхьа триллион сов сом.

Диллинчу хьастийн хаамашца, 2021-чу шарахь Дагестанна кхаьчна 77,5 миллиард сом. Уггар лакхара гайтами бу иза Оьрсийчоьнан регионашлахь. ШолгIа ю Якути (56 миллиард), кхоалгIа – Нохчийчоь ю 51,8 миллиард соьмаца, хаамбо РБК агенталло. Ма-дарра аьлча, дотацеш алсам кхочучу пхеа субъекташна (аннекси йина ГIирма а лерича) федералан центро регионашна дала дезачу ахчанан доьалгIа дакъа кхаьчна.

Экономистана Потапенко Дмитрийна хетарехь, дотацеш латтор цхьана Къилбаседа Кавказана хилла ца Iа, иза федералан центран политика ю.

"80 гергга регионашлахь донорш вайн ворхI бен вац. Цхьа бух а болуш деш хIума ду иза, иза урхала даран схема ю. Экономикан агIор хьо возуш ца хилча, хьан таро ю, федералан центрна оьшуш доцу, йозуш йоцу политика дIакхехьа", - билгалдаьккхина эксперто.

Къилбаседа Кавказан башхалла юьйцуш, Потапенко Дмитрийс тидам тIебохуьйту "дуккха а болчу къоначу а, "мецачу" а бахархошна. Ткъа массо а революцеш юьйлалора, "меца" кегийрхой дукха болчу меттигашкахь. МаьIна доцуш дара Iедалхошна, хIоьттина хьал шайн куьйгакIел ца латтор, иштта латтош ду-кх дотацешца.

  • Оьрсийчуьра Къилбаседа Кавказан регионашкарчу социалан-экономикан хьолах лаьцна хIитточу дукхахйолчу рейтингашкахь мехкаш тIаьххьарчу могIаршкахь хуьлу. Царна юккъехь уггар къаьсташ ю Нохчийчоь, кхечу оцу кепарчу гайтамашкахь уггар а кхачамбоцург – белхазалла. Балхахь боцчу нахана компенсацеш яларца, Росстатан зерашца, Нохчийчоь хьалхарчу меттигехь ю Оьрсийчохь.
  • Къилбаседа Кавказан ялх республикех пхиъ аутсайдер ю налог гулъярехь. 2021-чу шеран зерашца, царна нисъелла йоллу пачхьалкхехь гулйина 0,2 процент налог. Оццул кхаьчна ала тарло йисинчу ялхолгIачу республикана – Дагестанна.
  • Оьрсийчоьнан регионашлахь пачхьалкхо хIоттийначу лахарчу барамца (МРОТ) уггар кIезиг алапаш оьцу нах дукха хиларца билгалъяьккхина Къилбаседа Кавказан пхи республика.
  • Инвести ян бIегIийла долу мехкаш толлучу Оьрсийчоьнан регионашлахь тIаьххьара хилира стохка Чиллан-баттахь Къилбаседа Кавказан республикаш. Нохчийчоь а, Дагестан а – 77-чу а, 78-чу а меттигашкахь, 80-чу могIарера 85-чу могIаре кхаччалц дIатаръелира ГIалгIайчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Тыва, ГIалмакхойчоь, Кхарачой-Чергазийчоь.
  • Дечкен-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, республика хьашташна федералан центро шарахь 300 миллиард сом ло аьлла. "Суна а моьттура, вайна къаьстина Ичкери оьшура аьлла. Амма, ас дуй буу, вай кхаа батте а девр ма дац. Ойла яйша, Оьрсийчоьнан махкана, Нохчийчоьнан республикан халкъан хьашташна цхьана шарахь 300 миллиард дойу, - дIахьедира Кадыровс, Нохчийчоьнан дозана тIехь "газ а, мехкадаьтта а, серло а яц" аьлла, тIе а тухуш:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG