Шемарчу Хомс провинцехь велла Оьрсийчуьра салти. Некъан йисте йоьллинчу оьккхуьйтурго цуьнан машен эккхийтина хилла. ТАСС агенталло бина цунах хаам, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан дIахьедарна тIетевжина.
Гуманитаран мохь бохьуш чекхъяла езачу машенан маршрут толлуш хиллера иза. Хиллачу эккхийтарехь чолхе чевнаш йинера цунна.
Вийначун цIе а, муьлхачу даржехь хилла а хоуьйтуш дац, цо гIуллакх деш хиллачу декъан цIе а санна а. Официалан зерашца, Шемахь Оьрсийчоьно тIеман компани йолийчхьана вийна 100 сов оьрсийн эпсар.
Цул совнах, иттаннашкахь Оьрсийчоьнан бахархой байина Шемахь, Асад Башаран эскарехьа а, ЧВК Вагнеран компаница а мехах тIемаш бан бахна хилла.
Оьрсийчоьнан Iедалхоша гуттар а бакъ ца до, доларчу тIеман компанешца шайн уьйраш хилар.