ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан шоу-бизнесан Форбсан рейтинган коьртехь ву Нурмагомедов Хьабиб


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Оьрсийчоьнан шоу-бизнесера хьолечу нахах лаьтта рейтинг хIора шарахь а санна зорбане даьккхина оьрсийн Форбс (Forbes) журнало. Шо хьалха а санна, хьалхарчу меттигехь ву ийначу кепехь латаран спортхо Нурмагомедов Хьабиб. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).

ШолгIачу меттигехь нисвелла рэп олуш волу Моргенштерн (7,4 миилион долларш). Стохкалерачу тептарехь 21-чу меттигехь вара иза.

КхоалгIачу позицехь ю Бузова Ольга (3,3 миллион долларшкахь).

Хьалхо яздора, 2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан миллиардераша шайн бахам алсамбаьккхина, бохуш. Массарчул а дукха пайда бинарг вара, Оьрсийчоьнан миллиардерех хIоттийначу тептарехь 15-чу меттигехь волу бизнесхо, Дагестанан цIарах сенатор Керимов Сулейман. Стохкалерачу шарахь 4,82 миллиардна кхиъна цуьнан хьал карарчу хенахь 9,89 миллиард долларш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG