ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман министро дахьедина Цхьанатоьхна Штаташ Iаьржачу хIорда чохь хилар провокаци ю


 НАТО-н хIордкеманаш Iаьржачу хIорда чохь тIеман Iаморашкахь
НАТО-н хIордкеманаш Iаьржачу хIорда чохь тIеман Iаморашкахь

Оьрсийчоьнан тIеман министра Шойгу Сергейс провокаци ю аьлла, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн ТIеман ХIордан Ницкъаш Iаьржачу хIорда чохь хилар, америкахойн кхин а цхьа хIордкема стратегин хишка кхаьчначул тIаьхьа.

"Иза тхо зен гIортар санна хIума ду, мел кийча ду тхо, мел кхачо йолуш кечйина оха Iаьржачу хIордан бердаца лардаран система", - элира Шойгус пачхьалкхан телевизионе Лахьан-беттан (ноябрь) 7-хь.

Шойгус элира изза до кхечу пачхьалкхаша а, амма цIе ца яьккхира билггала цхьана а пачхьалкхан. Мангал-баттахь (июнь) Оьрсийчоьно дIахьедира, доьхнарг ца хилийта варе деш герз кхоьссира шаьш ГIирмин хишкахула чекхдолучу Британин тIеман-хIорда кеманна, аьлла.

Iаьржа хIорд юкъаметтигаш гIоьртина латтон меттиг ю Кремлан а, Малхбузен а, Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси йинчул тIаьхьа. Оцу гIулчо аьтто бира Оьрсийчоьнан ахгIайренан Iаьржачу хIордан бердаш шен Iуналле эца.

Дукхахйолчу пачхьалкхаша къобал ца йина Оьрсийчоьно йина аннекси, цара хIинца а бакъо йоьху Украине ГIирмаца долчу хишкахула шайн хIордан кеманаш чекхдовларан хьокъехь.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалло дечу тIеман альянсан, НАТО-н, декъашхойн доза ду Iаьржа хIордаца. Царна юкъахь ю Румыни а, Болгари а, Туркойчоь а. Цхьанатоьхначу Штатийн даттагIаллин пачхьалкхаш, Украина а, Гуьржийчоь а, ю Iаьржачу хIордаца доза долуш.

Цхьаьанатоьхначу Штаташа Iаьржачу хIорда чохь тIеман Iамораш дIахьо шен бертахошца а, партнерашца а, ткъа иштта рожехь гӀаролла до хIорда чохь.

Шойгус элира, Лахьан-беттан 4-хь Iаьржачу хIода чу деанчу Американ Цхьаьнатоьхначу Шатийн 6-чу флотан USS Mount Whitney хIордкеманна тидам беш ю Оьрсийчоь аьлла.

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн ТIеман ХIордан Ницкъаша дIахьедина USS Mount Whitney хIордкемано Iаьржачу хIорда чохь дIахьучу операцеша гойтург ду Цхьанатоьхна Штаташ а, НАТО а оцу регионах жоьпалла долуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG