ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн 20-чу эскаран буьйралла ден Соьлжа-ГIалара вахархо Ахмедов даржера ваьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалара вахархо, Москвара тIеман гонийн 20-чу йукъарчу эскарийн куьйгалла деш хилла волу инарла -лейтенант Ахмедов Сухраб даржера ваьккхина, бахьанех хоуьйтуш дац.

Ахмедовс дарж охьадилларх хаийтина Рогов Владимира – суверенитетан а, патритикан а проектийн хеттарш луьстуш, ветеранашна гIо латточу Оьрсийчоьнан Йукъараллин палатин куьйгалхочо, иштта цхьа могIа тIеман телеграм-каналаша а.

"Дика хаам" бу Ахмедов дIавалар аьлла Роговс. Цуьнан хаамашца, "цкъачунна" инарла "йукъара ваьккхина", амма "хьал кхиаме ду".

2022-2023-чу шерашкахь Украинехь шуьйра тIом баьккхинчу йукъанна Угледаран агIор бечу тIемашкахь дуккха а адамаш даларна жоьпалла Ахмедовна а, Малхбален тIеман гонашкара эскаршна тIехь куьйгалла деш хиллачу инарла-полковникана Мурадов Рустамна а тIедуьллу ЧВК "Вагнерца" йоьзна хиллачу Grey Zone телеграм-канало.

Цул совнах, Ахмедовца дузу 2023-чу шеран мангал-баттахь Луганскан кIоштара Кременная гIалин кIоштахь дукха нах хIаллакхилар а. Украинхойн хьастийн а, иштта "военкораш" олучийн а зерашца Ахмедовс омра дина хилла Луганскан кIоштара Кременная олучу меттигехь эскархой дIахIиттабе, церан "дегнаш иркарахIиттош" ша къамел дина валлалц аьлла. Шина сахьтехь латтийна хиллера цо нах, эххар а ВСУ-н эскарша HIMARS ракетица тохарш дира царна тIе.

Йиллинчу хьастийн хаамашца, Ахмедов Сухраб – Соьлжа-ГIалара ву, ткъа цуьнан доьзал – Дагестанера Лакскан кIоштара схьабаьлла бу. 2023-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шозза даржехь лакхаваьккхира иза, чиллан-баттахь инарла-майоран седа белира цунна, ткъа гIуран-баттахь – инарла -лейтенанта.

  • Хьалхо 235-чу гарнизонан кхело Москвахь лецира баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна Коьртачу штабан хьаькаман гIовс, Таганрогера схьаваьлла инарла-лейтенант Шамарин Вадим. Иштта лецира пачхьалкхан цIарах оьцург латточу тIеман министраллин депараментан куьйгалхо Вертелецкий Владимир.
  • Оханан-беттан 24-чохь лаьцна тIеман министран гIовс Иванов Тимур (тIеман-гIишлошйаран комплексан куратор вара иза), стиналкъекъа-беттан 14-чохь – тIеман министраллин кадрашна тIехь урхалла дечу хьукматан хьаькам Кузнецов Юрий а. Ший а бехкево баккхийчу барамашкахь ахчанаш эцарна.
  • Стигалкъекъа-беттан 17-чохь коррупцина бехкевина лецира 58-чу йукъарчу армин командир, инарла-майор Попов Иван. 2023-чу шеран товбеца-баттахь даржера ваьккхира иза, хаамбарехь, Оьрсийчоьнан эскарна критика йарна а, дукккха а эшамаш хиларна а. Делахь а, стигалкъекъа-беттан 23-чохь талламо дехар дира Попов цIера дIасавалар доьхкуш лаьцна вита аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG