ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе йелла Путина, дийцарехь, наркотикашна тIехула веллачу "Ахматан" эскархочунна

Батукаев Зеламха а, Алаудинов Апти а. Алаудиновн телеграм-каналера схьаэцна сурт
Батукаев Зеламха а, Алаудинов Апти а. Алаудиновн телеграм-каналера схьаэцна сурт

Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белла президенто Путин Владимира "Ахмат" спецназан хиллачу цхьана батальонан командирна Батукаев Зеламхина иза веллачул тIаьхьа. 2025-чу шеран чиллан-баттахь кхелхира иза. Цхьана версица, тIеман Iалашонаш кхочушйан хьийзаш, наб а, синтем а боцуш кхаа дийнахь кхахьегарна цуьнан хьех цIий кхеттера. Вукху версица- наркотикаш совйовлар бахьана долуш велла ву иза. Ша кхалхале масех бутт хьалха Батукаевс кхерамаш тийсира оппозицин NIYSO телеграм-каналан жигархочун ков-керт схьадокхур ду ша бохуш.

Хаамийн ТАСС агенталло йаздина "Ахматан" эскархочунна совгIат дарх лаьцна. "Дашо Седа" мидал дIайелла эскархочун ненан кара Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу церемонихь.

Батукаев валарх лаьцна стохка дуьххьара хаамбира NIYSO боламо. Жигархойн зерашца, цхьана ханна садаIа Нохчийчу цIа веанчул тIаьхьа кхелхинера иза, наркотикаш совйоьвлла. Шайга цунах лаьцна хьан хаам бина, ца дуьйцу боламехь болчара.

Батукаев веллачу шолгIачу дийнахь, цуьнан кхалхар бакъдира "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис. Цо бахарехь, хьех цIий кхетар бахьана долуш веллера иза, тIеман Iалашо кхочушйан гIерташ кхаа дийнахь наб йоцуш леларна.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал лаьттина ву Батукаев Зеламха, тIаьхьо шозза кхел йира цунна: 2011-чу а, 2016-чу а шерашкахь. Дуьххьара таIзар дира цунна бакъо йоцуш герз духкуш, оьцуш лелорна, шолгIа- талораш дарна а, стаг верна а, нехан бахам хIаллакбарна а. Оцу доллучунна а тIехула чохь даккха 19 шо кхайкхийра цунна.

Шена тоьхначу хенал а хьалха маьршавалархьама, NIYSO-н хаамашца, Батукаев ЧВК "Вагнерх" дIакхета гIоьртира, цул тIаьхьа "Ахмат" тобана йукъа вахара. ХIетахь дина ду цунна Доьналлин орденца а, Кадыров Ахьмадан а орденашца совгIаташ.

2024-чу шеран марсхьокху-баттахь эскархочо видео дIайазйира Нохчийчохь, NIYSO-н жигархочун кетIахь. Цо кхерамаш тийсира, цуьнгара бахам ша схьабоккхур бу бохуш: "Хьо а, хьан тIаьхье а кху кертахь йехар йац, хIара ков-керт суна схьалур долуш ду".

  • Ша "Альтернатива Германина" (АдГ) аьллачу аьтто-партин декъашхо ву боху, Нохчийчуьра схьаваьлла Дадаев Мурад, къаьсттина дика вевза иза Кригер Нохьа цӀарца, Оьрсийчоьнан эскаран декъахь Украине ваханера. Цунна хIинцале а мидал йелла, "Немцойн батальон" кхуллуш ву ша аьлла, дIа а кхайкхийна цо. Ша массеран а метта "тIом беш ву" боху цо: оьрсийн а, нохчийн а, немцойн а метта. Оцу йукъанна, цхьа а тоьшалла дац Кригер тӀамехь дакъалоцуш хиларан. Тхан редакцино теллина, муха, хӀунда нисвелла блогер тӀамехь.
  • Украинерчу тIамехь вийра латархойн "Ахмат" клубан хилла декъашхо Юнусов ДжихIад. Соьлжа-ГIалахь шина зудчунна йиттинчул тIаьхьа тIамтIе вахийтинера иза. Цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх хиллий а- хууш дац. Меттигечру Iедалхоша дош деллера, шаьш "цунна хьакъ долу таIзар" дийр ду аьлла.
  • Ишта Украинерчу тIамехь вийнера криминалан авторитет, Кадыров Рамзанан "чалтач" санна вевзаш хилла Денисултанов Артур а. Политикан бух тIехь нах байътина махкара бахархой тоххара а хьийсабора тIамтIе. Цигахь уьш нисбаларх а, кхиндIа хиллачу церан кхолламах а лаьцна тхан редацино дийцира шен материалехь.
​
XS
SM
MD
LG