ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно дIавехарна Эстонехь нохчийн мухIажар дIалаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Австрехь мухIажаран статус йолу Нохчийчуьра схьаваьлла стаг дIалаьцна Эстонехь, иза Оьрсийчоьно дIавехча, Интерполан системехула лехамашка велла ву.

Цунах лаьцна яздо бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино. Билгалдоккхуш ду, мухIажаран адвоката Австрин полицига кехат дахьийтина, цунна деллачу жоьпехь дийцина, нохчочунна дуьхьал дIахьош экстрадицин процессаш яц. И жоп мухIажарна харц кхетта, цунна моьттина, ша ерриг Интерполехула лоьхуш вац, аьлла. Шен балхаца Эстоне кхаьчна иза, тIаккха цигахь дIалаьцна.

ТIаьхьо хиира, стагах лаьцна информаци Шенгенан хаамийн SIS II системе яьккхинарг Германи хилар. "Вайфонд" ассоциацино билгалдоккху, дуьххьара дац Германино оцу системе тайп-тайпана нах бохуш, "цхьа а талламаш боцуш", беккъа шайга Интерполехула кхаьчначу хаамашна тIехула леладо цара иза.

Цул а де хьалха хиира, Германехь 60 шо долу нохчо лаьцна хиларх, цуьнан иштта Австрехь мухIажаран статус яра, Оьрсийчоьно дIавехарна, Интерполан системехула лехамашка велла а вара иза.

  • 22 шо долчу суртдиллархочо Ясуев Iабдул-Хьадиса дIахьедина, ши шо хьалха ша кхаьчначу Францино депортаци йан мега шена. Цо бахарехь, цуьнан дахарна кхерам лаьтта Нохчийчохь. France Bleu сайто яздарехь, шозза шена тховкIело йала реза ца хилла йолчу Италехула кхаьчна Ясуев Франце. ХIинца а и статус Францехь а ца елла цунна – шен гIуллакх тIедуза аьлла цуьнга Iедало, амма хууш дац, муьлхачу бух тIехь.
  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларъярхойн хаамашца, къаьсттина иза хьакхало нохчех: царна ян тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан I3-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
  • Стигалкъекъа-беттан 20-хь шведхойн Векше гIалин юккъехь митинг хIоттийра, Нохчийчуьра вахархочун Ш. Артурана Оьрсийчу экстрадиции ярна дуьхьал – Швецин миграцин сервис реза ца хилира Ш. Артурана мухIажаран статус йала. "Вайфонд" ассоциацехь Кавказ.Реалиига дийцира, мухIажар шена тIехь Iазап латтош хиллачу Нохчийчуьра ведда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG