ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно дIавехарна лаьцна волу нохчо маьршаваьккхина Эстонехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Товбецан-бутт болалуш Эстонехь лаьцна латтийна хилла волу Нохчийчуьра мухIажар маьршаваьккхина, хIинца шен цIахь ву иза, дийцина бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацехь. Республикера вахархо Интерполо дIалецира Оьрсийчоьно дIавехарна.

Дагадоуьйту, хьалхо республикан вахархочун мухIажаран статус йолчу Австрерчу полицига дахьийтинчу кехатна деллачу жоьпехь дийцина, нохчочунна дуьхьал дIахьош экстрадицин процессаш яц, аьлла. И жоп мухIажарна харц кхетта, цунна моьттина, ша ерриг Интерполехула лоьхуш вац. Шен балхаца Эстоне кхаьчнера иза, тIаккха цигахь дIалаьцнера.

"Вайфондан" векало Кавказ.Реалиига дийцина, Эстонехь лаьцна Нохчийчоьнан вахархо маьршаваьккхина цуьнан гIуллакхехула дерриг листича.

"Иза мухIажар хилар билгалделира царна, тIаккха гIуллакх кхеле ца кхечира, ишта ца хиллехь, а цхьамогIа [дуьненаюкъара] конвенцийн низамаш хедор дара оцу гIуллакхо. Цунна билет ийцира, тIаккха цIаваха аьтто хилира – проблема дIаяьлла. Амма коьртехь латто деза, рогIера и саннарг нисделча дерриг кхечу агIор дерза мега, хIунда аьлча, оцу тайпа гIуллакхаш хIора хьаькамах шех доьзна ду, прокурорах, кхелахочух. И низамаш ма-хетта ловзалуш ду, стагна экстрадици йан лаам хилахь – иза йийр ю", - аьлла къамелдечо.

ТIаьхьо хиира, стагах лаьцна информаци Шенгенан хаамийн SIS II системе яьккхинарг Германи хилар. "Вайфонд" ассоциацино билгалдоккху, дуьххьара дац Германино оцу системе тайп-тайпана нах бохуш, "цхьа а талламаш боцуш", беккъа шайга Интерполехула кхаьчначу хаамашна тIехула леладо цара иза.

  • Иштта хаам хилира, Германехь 60 шо долу нохчо лаьцна хиларх, цуьнан иштта Австрехь мухIажаран статус яра, Оьрсийчоьно дIавехарна, Интерполан системехула лехамашка велла а вара иза.
  • Дайначу к1ирнахь хиира, Интерполан комиссино дуьненаюкъарчу лехамашкара дIабаьхна шиъ Нохчийчуьра а, цхьаъ Дагестанера а бахархой, Оьрсийчохь уьш низамехь йоцуш герзаца йолчу цхьанакхетарараллехь дакъа лацарна бехкебо - церан массеран а Евробертахь а, Великобританехьа а мухIажарийн статусаш ю.
  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларъярхойн хаамашца, къаьсттина иза хьакхало нохчех: царна ян тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
  • Стигалкъекъа-беттан 20-хь шведхойн Векше гIалин юккъехь митинг хIоттийра, Нохчийчуьра вахархочун Ш. Артурана Оьрсийчу экстрадиции ярна дуьхьал – Швецин миграцин сервис реза ца хилира Ш. Артурана мухIажаран статус йала. "Вайфонд" ассоциацехь Кавказ.Реалиига дийцира, мухIажар шена тIехь Iазап латтош хиллачу Нохчийчуьра ведда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG