ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра дIавоьдучу иттаннах ялхаммо  кхерамзалла лоьху


Оьрсийчуьра дIабахначу 64 процент бахархоша шайн дIакхалхаран бахьана ду аьлла, кхерамзаллин меттиг лахар. 54 проценто хьахийна политикан хьал, 51-ммо шайн берийн кхане. "Такие дела" гIирсо бозуш боцчу талламчашца юкъахь динчу зерийн жамIаш ишта ду.

Талламан авторша хадийначу мехаца, 2000-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчуьра эмиграци йина веа миллионна тIера пхеа миллионе гергга бахархой.

Нах пачхьалкхера дIаэхар совдаьлла 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхозлагIа куьйгаллехь висича.

Кхечу пачхьалкхе дIабахна эмигранташ дукха хиларца дуьненчохь кхозлагIа пачхьалкх ю Оьрсийчоь, ХIиндойчоь а, Мексика а дIаяьккхича. Кхечу мехкашка дIабахана бехаш бу Оьрсийчуьра мел лахара а 10,5 миллион бахархой бу.

2019-чу шарахь изза талламбира "Проект" интернет-ресурсан редакцино. Къаьсттина лакхаделира дIаоьхучийн терахь 2014-чу шеран юьххьехь - ГIирмина аннекси а еш, Украинера кризис марсаяьллачу хенахь а, 2018-чу шеран Зазадокху-баттахь Путин доьазлагIа Оьрсийчоьнан президент хIоьттича а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG