ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра Шемарчу тIемалойн хIусамнанойн аьтто бац маьршша Идлиберчу куьпара бовла


Аль-Хол куьпара зударий а, бераш а
Аль-Хол куьпара зударий а, бераш а

Шеман малхбалерчу Аль-Хол куьпахь дIатарбина хилла "Исламан пачхьалкх" шех олучу (Оьрсийчоьно террорхойн организаци лаьрра, йихкина ю) тобанан гIаттамхойн арахьарчу пачхьалкхашкара хIусамнаной а, церан бераш а "Хайят Тахрир Аш-Шам" (Оьрсийчоьно террорхойн организаци лаьрра, йихкина) тобано доладечу Идлибе, кхечу метте дехьабохуш бу. Карарчу хенахь туркойн дозанна уллорчу Идлибан малхбалехь Аль-Джумайлия куьпахь латтош ю 40 зуда, царех дукхахберш Нохчийчуьра а, Дагестанера а бу.

Царах цхьаберш шаьш бевдда баьхкина бу Аль-Холера Аль-Джумайли, кхинберш цига дIабуьгу "Хайят Тахрир Аш-Шам" тобанан тIемалоша, "Исламан пачхьалкхца" уьйраш хилла аьллачу шеконашца, яздо Middle East Eye ресурсо зорбане яьккхичну материалехь.

Аль-Джумайлия куьпара дахаран хьелаш дуккха а гIоле ду Аль-Холехь долучул а, делахь а, маршо ца кхачайо оцу зударшна.

Куьпара бовлархьама уьш декхаре бу "Хайят Тахрир Аш-Шам" тобано хьоьхучу божаршка маре баха реза хила, йа дозанехула Туркойчу дIабигийта. Маре йоьдучу далахь и зуда йисина хила еза, йа исламан бакъонехь "хула" олучу къастарх чекхъяла еза (зудчун лаамца дIакъастар, нагахь санна шен цIийндега дог-ойла яцахь).

Туркойчу дIабахарх лаьцна аьлча, дукхахболу зударий кхоьру цунах, хIунда аьлча, цигахь набахте хьовсо тарло уьш, йа даймахка депортаци ян мега, ткъа некъаца дахарна кхерамаш нисбала хьесап ду.

  • Хьалхо Свобода Радионо зорбане яьккхира "Iо дика йойла, "Исламан пачхьалкх": дуьсург хиндерг ду. Малхбален Европерчу террорхойх истореш" книга язйинчу журналистца Сергацкова Екатериница хилла интервью. Дийцира ИГИЛА-н тIемалойн хIусамнанойн кхолламех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG