ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра виъ эзар стаг а, компанеш а санкцеш бухахь ю


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Карарчу 2022-чу шеран зерашца виъ эзар гергга стаг а, компанеш а арахьарачу санкцийн тептаршкахь ю, хаамбина "Интерфаксо". Билгалдоккху, ООН-н а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Британин а, Евробертан пачхьалкхийн а, Австралин а, Японин а, Украинан а санкцийн тептарехь ду юкъарчу терахьера оьрсийн бахархойн а, компанийн а цхьа дакъа.

Оцу юкъанна, санкцеш дуьхьалъяьхначу Оьрсийчоьнан компанешлахь хIора пхоьалгIа бохург санна цхьаъ арахоьцуш ю. Оьрсийчуьрчу 1 554 предприятех хьакхаделла тоьхна дозанаш.
Санкцийн тептарехь болчу Оьрсийчоьнан бахархой терахь карара шо долалуш 2 281 ду.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG