Оьрсийчуьрчу паргIат кепехь охьатохарх латархочо Садулаев Iабдулрашида дашо мидал яьккхина Токиорчу Олимпиадехь, 97 кийле кхаччалц йолчу йозаллан категорехь. Финалехь цо эшийна америкахо Снайдер Кайл (6:3).
Иза шолгIа толам бу Садулаевс шен карьерехь Олипин ловзаршкахь баьккхинарг.
Садулаев вина Дагестанерчу Цуриб эвлахь. Цуьнан ду 25 шо. Садулаев доьазза дуьненан а, Европан а чемпион ву паргIат кепехь охьатохарх латарехь.