ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу туристана полисхоша еттарна бехктакхаман гIуллакх долийна Абхазехь


Абхази, Гагра
Абхази, Гагра

Ша пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу Абхазехь, бехктакхаман гIуллакх долийна кхаа полисхочунна дуьхьал, цара шаьш лаьцна волчу Оьрсийчуьрчу туристана Русских Артемана ницкъ бина хила мега аьлла шеко йолуш. Цунах лаьцна хаам бо республикин инарлин прокуратуро.

Оцу хьукмато бинчу хаамца, кхушара Охан-беттан 7-хь полицин кхо белхахочо дIалаьцна хилла Оьрсийчоьнан вахархо а, цуьнан хIусамнана а, церан доттагI йолу кхин цхьа зуда а, юхкуш йолу наркотикаш эцархочо схьаоьцучу меттиге охьайиллина хиларан шеко йолуш. Уьш шайн полицин декъе а бигина, тешаш а боцуш, протокол а ца хIоттош, дегIах хьоьвсинера уьш лецначеран.

Прокуратуро дийцарехь, Гагра кIоштан полицин урхаллан декъехь цхьана кабинета чохь Багателияс Х.В. а, Аншбас Т.Р. а, Джалагонияс Д. Ю. а, кхин а муьлш бу ца хуучу полицин белхахоша а шайн йолчу бакъонех тIехбевлла, хаа а хууш, ницкъ бина А.А. Русскихна. Цара мийраш а, буйнаш а биттина оцу стагана. Кхерамаш а тийсина полисхоша оцу стагана, тапча а гойтуш. Цул тIаьхьа, прокураторо билгалдаккхарехь, полисхоша эрна ара дIа а вигна, чхьонкарш йиттина Оьрсийчуьрчу туристана.

Карарчу хенахь кхуьъа полисхо балхара дIаваьккхина ву, билгалдоккху прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG