ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн думан Нохчийчуьрчу депутата "цIармат хIума" аьлла зудчунна тIелеттачу Москварчу политиках


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутата Делимханов Адама Москварчу кIоштан депутатийн кхеташонан куьйгалхочуьнца Закускин Александрца телефонехула зIене а ваьлла, цуьнга "цIармат хIума" аьлла. Оцу сийсазваран бахьана дара, Москварчу Маршонан майданерчу маьждиг йистехь йоьхьаш духкучу 68 шо долчу нохчийн зудчунна Юсупхаджиева Селимана Закускин тIелатар.

Юсупхаджиевас бахарехь, Закускина цуьнан яьшкана тIе мийра а бетташ, "Нохчийчу дIахьажор ю" бохуш, кхерамаш тийсина, цул тIаьхьа бурчан баллонца газ тоьхна цуьнан бетта тIе – зудчун бIаьргаш дагийна.

"Оцу тайпа нехан юьхь яц хIокху партин ["Единая Россия"] декъашхой хила. ХIинца иккхина резонанс оцу хьокъехь ю. Ахь буьйцурш террористаш, экстремисташ, йа пачхьалкх йоьхкина нах балхьара иза кхин къамел хир дара", - аьлла Делимхановс.

Къамелан чакхенехь Закускина дош делла Делимхановна, ша зенхилларг къинтIера йоккхург хилар а, цунна хьалха бехказволуш "дан мел дезарг" дийра хилар а.

ЧГТРК "Грозный" телеканалан хаамца, Нохчийчоьнан адамийн бакъонийн векалан дехарца прокуроран таллам бийра бу Закускинан хьокъехь.

  • Кху деношкахь Москвара политика, Оьрсийн пачхьалкхан думан депутат хила гIиртина Вихарева Эльвирас видео дIаязйира Нохчийчоьнан куьйгалхочунга Кадыров Рамзане, цо хаьттира, "Цуьнан [депутатан Закускинан] корта а тIера боккхур буй ахьа?".
  • Ши кIира хьалха Делимхановс инстаграмехула эфире а ваьлла Янгулбаев Абубакаран гергарчарна а, иштта шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а уьш бойъур бу аьлла, кхерамаш тийсира. Церан коьртеш даха дош делира цо.
  • 2018-чу шарахь хаамийн гIирсаша яздора депутат Закускин исбаьхьаллин доьшийле еана хиллачу Москвара яхархочунна тIелетта хилар, депутат вехачу гIишло чохь хилла цуьнан доьшийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG