ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина Нохчийчьура латархо реза вац суьдхойн сацамна


Токиохь йоьдучу Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина Нохчийчуьра орамаш долу Оьрсийчоьнан боксер Хатаев Имам реза ца хилла, ахфиналехь шен хиллачу латарх суьдхоша динчу хьесапна. Оцу тасадаларшкахь толам Британерчу спортхочунна Уиттекер Бенджаминна дIабелира.

"Хьалхара раунд [суьдхоша] суна йитира. ШолгIаниг, хIаъ ялийтахьа цунна, - билгалдаьккхина латархочо. - КхоалгIачу раундехь, суна хета, айса дуккхазза а цунна йиттира аьлла. Сох уьдуш ма лийлира иза", - далийна Хатаевн дешнаш "Спорт-экспресс" ресурсо.

Зорбано билгалдаккхарца, Хатаев лата юкъаваьллера, стохка Дечкен-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш тоьхначу, нохчийн латархой "Ахмат" клубан гимнаца. Адамийн бакъонаш йохочарна тIехь терго латточу Вашингтоно "Магнитскийн тептаран" буха тIехь дуьхьал йохуш ю и санкцеш.

"Со сайна реза ву. Толам баккхархьама сайга мел далург дира ас аьлла хета суна. Олимпикан ловзарш ду уьш, уггар а лакхара тIегIа ю иза. Со кхеташ вац, Олимпиадехь оцу тайпаниг муха хир ду", аьлла Новости агенталле Хатаевс.

Хатаев Имам – латархо-марзвелларг ву, юккъерчу йозаллин категорехь тасалуш волу. Оьрсийчоьнан спортан говзанча а, чемпион а ву иза, Олимпиадехь дуьххьара дакъалоцуш а ву.

Коронавирусан пандеми бахьана долуш стохка юкъахдевлла Олимпиадин ловзарш карарчу беттан 23-чохь дуьйладелла Японин коьртачу шахьарахь Токиохь.

Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 28-чохь Гуьржийчуьрчу ПаьнкIазара схьаваьлалчу, Австрин цIарах Токиохь дIахьочу Олимпиадехь тасавеллачу 26 шо долчу Борчашвили Шемала борзанан мидал яьккхина 81 килане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG