ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпиадехь дато мидал яьккхина Дагестанерчу боксёра


Гаджимагомедов Муслим (инстаграмера сурт)

Дагестанерчу боксах латархочо Гаджимагомедов Муслим (81-91-на кийлане кхаччал йозаллан категори) дато мидал яьккхина Токиохь дIайоьдучу Олимпиадехь. Финалехь цунна т1ехь толам баьккхина Куберчу боксёра Хулио ла Круза.

Гаджимагомедов Муслим суьйлий ву Тляратинскан кIоштан Нитилсух эвлара ву. Оьрсийчоьнан спортан хьакъ долу говзанча а ву иза (2021 шо), Оьрсийчоьнан къоман вовшатоьхначу тобан декъашхо а ву (2020 шо), Дуьненан чемпион а ву (2019 шо), Европан чемпион а ву (2019 шо), Европан чемпионатехь дато мидал яьккхина а ву (2017 шо).

  • Хьалхо Японин коьртачу гIалахь Токиохь дIайоьдучу Олимпиадехь дашо мидал яьккхира Дагестанера латархочо Угуев Заура (57 кийла).
  • Марсхьокху-беттан 5-хь Дагестанерчу боксах латархочо Батыргазиев Альберта (57-тта кийлане кхаччал йозаллан категори) дашо мидал яьккхина Токиохь дIайоьдучу Олимпиадехь, финалехь Америкерчу Рэган Дьюкана тIехь толам а баьккхина. Ахфиналехь Батыргазиевс эшийра Кубера боксёр Альварес Ласаро.
  • Греко-риман кепехь леташ Олимпин ловзарийн чемпион хIоьттина ГIалгIайчуьра спортхо Евлоев Муса. Финалехь цо эшийна Эрмалойчуьра латархо Алексанян Артур.
  • Оьрсийчуьра нохчийн къомах волчу боксёра Хатаев Имама борзана мидал яьккхина Токиохь дIадоьлхучу Олимпин ловзаршкахь.
  • Оьрсийн тобанан декъашхо волчу нохчийн дзюдоиста Башаев Тамерлан борзана мидал яьккхина Олимпиадехь 100 сов кила йозаллин категорехь. Ахфиналехь иза эшийра Гуьржийчуьрчу спортхочо Тушишвили Гурама.
  • 2020-Олимпиадехь дакъалоцуш бу кхечу пачхьалкхашкахь беха нохчийн спортхой. Иштта 26 шо долчу Австрин Олимпин тобанан декъашхочо Гуьржийчуьрчу Панкисехь винчу дзюдоиста Борчашвили Шамила яьккхира Токиорчу Олимпиадехь борзана мидал 81 кила йозаллан категорехь леташ.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG