ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпиадехь тоьллачу Садулаевна ша миллион доллар далар бакъ ца до Пачхьалкъан Думан депутато


Садулаев Iабдулрашид (аьрру агIор)
Садулаев Iабдулрашид (аьрру агIор)

Дагестанан латархочо Садулаев Iабдулрашида хаам бина, Пачхьалкхан Думан депутата Гаджиев Мохьмада миллион доллар ахча делла шена Токиохь Олипиадехь толам баккхарна аьлла. Новости агенталло яздо цунах лаьцна спортсменан дешнашна тIетевжина.

Олимпиадин чемпионан инстаграмерчу агIонехь хIоттийна сурт ду Гаджиевца цхьана даьккхина. Цунах хоьттичну текстехь баркалла боху Садулаевс депутатна шена а, тренерна а совгIат дарна. Мел ахча делла хоуьйтуш дац цо.

Оцу юкъанна депутатан векало чIагIонаш йо, чемпион хьошалгIа кхайкхинера Гаджиевс, Олимпиадехь толам баккхарца декъалвеш аьлла.

Садулаев Iабдулрашида дашо мидал яьккхира Токиохь дIахьочу ловзаршкахь. Снайдер Кайлца леташ тоьлла иза. ШолгIа деши ду хIара спортсмена даьккхинарг. Дуьххьара 2016-чу шарахь Рио-де-Жанейрехь хIиттийначу Олимпикан ловзаршкахь а тоьллера иза.

Гаджиев Мохьмад "Единая Россия" партин декъашхо ву. Дагестанан цIарах Думе кхаьчна иза. 2020-чу шарахь деклараци тIехь биллгалдаьккхинера цо исс миллион сов сом, Американ долларшкахь 123 эзар ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG