ХIорш бу нохчийн къомо тахана дозалла ден олимпийцаш
Дуьненан Олимпиада: нохчийн лар
Нохчийчуьра схьаваьлла я цигара дIабаханчу доьзалехь вина 9 спортхо ву Рио-де-Жанейрохь Олимпан ловзаршкахь дакъалоцуш. 5 ву Оьрсийчоьнан сий къовсуш, 4 - кхечу пачхьалкхийн.

1
Абдурашидов Iадлан – бокс, 26 шо, нохчо, Оьрсийчоьнан боксан чемпионатан призер, Казанерчу Универсиада-2013 толамхо.

2
Болтукаев Анзор, паргIат кепан охатохархо, 30 шо, кхушара Европан чемпион ваьлла, дуьненан чемпионатехь йоьзан мидал яьккхина.

3
Горичева Карина – еза атлетика, 23 шо, Казахстан, да – Хаважи, нохчо, нана – Елена, оьрси. Ез даьккхина Рио-де-Жанейрохь йоьдучу олимпиадехь деношкахь.

4
Альбиев Ислам-Бек – желтойн-риман кепехь охьатохархо, 28 шо, Оьрсийчоьнан, дуьненан, 2008-чу шеран Олимпиадан ловзарийн толамхо, дуьненан чемпион.