Лондонера аьхкенан Олимпин ловзарш марсадевллера, кху дуьнентIера бусалба динера нах марханаш кхобуш а болуш.
КIиран сурташ -- Марсхьокху-бутт 4-10
1
Лондонерчу Олимпиадехь Британерчу Стампер Мартинна тIехь тхэквондох леташ, борзанан мидал а йоккхуш, ша толам баьккхина аьлла, кхоссавелла ОвхIанистанера Некра РохIулла. (REUTERS / Darren Staples)
2
Лондонерчу Олимпин стадионехь къовсадаларшкахь дакъалоцуш ю ГIажарийчура Раджаби Лейла. (REUTERS / Phil Noble)
3
ОвхIанистанехь Кабулана къилбаседехьа йолчу Саманган-провинцехь ширчу маьждигехь кху безачу мархийн баттахь ламаз деш ву цигара вахархо. (AFP / Кайс Usyan)
4
Лондонехь Олимпин ловзаршкахь, дуьхьалонаш а йолуш, 3000 метр йодуш къовсалуш ю Оьрсийчура спортхо Галкина Гульнара. (AFP / Adrian Dennis)
Лондонехь Олимпин ловзаршкахь, дуьхьалонаш а йолуш, 3000 метр йодуш къовсалуш ю Оьрсийчура спортхо Галкина Гульнара. (AFP / Adrian Dennis)