Коронавирусан керлачу "омикрон" штаммах ун даьлла велла стаг вац дуьненчохь. Цунах лаьцна хаам баржийна Дуьненан могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ).
Хьалхо ВОЗ-н эксперто Мария ван Керкховес CBS телеканална еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, цкъачунна гучу суьртаца "омикрон" штамман ун даьллачара лазар атта токхуш хилар.
Оцу юкъанна Iилманчаша а, лоьраша а дIахьедо, лардала дезаш хиларх, хIунда аьлча, юьцург керла штамм яржаран юьхь хиларна.
ВОЗ-н программин директора Райан Майкла бахарехь, кхин а масех кIира оьшу организацина "омикрон" зен, цуьнан яржаран а, лазар чолхе даккхаран а барам мел бу толлуш.
Карарчу хенахь керла штамм гучуяьлла хIинцале а 30 пачхьалкхехь.
Лазаршна профилактика а, контрол а латточу Европан центро дIахьедина, Лахьан-баттахь гучуяьлла "омикрон" гергарчу беттанашкахь бахьана хила тарло Европехь нийса ах коронавирусан инфекци кхетаран.
Роспотребнадзоран зерашца, Оьрсийчохь цкъачунна "омикрон" хааелла яц.
Дуккхаъчу Iедалхоша юха а дозанаш детта долийна дIасалеларна, вирус ца яржийта Iалашонца. Масала, Оьрсийчохь 14 денна карантине хьийсабо Къилбан Африкан мехкашкара баьхкинарш. Керла штамм дуьххьара цигахь а, цаьрца дозанашкахь болчу мехкашкахь а гучуелира.
Лахьан-беттан юьххьехь Африкан къилбехь хааелира "омикрон" штамм. ВОЗ-н зерашца, оцу вирусан 32 мутаци ю – хьалхо евзинчу вирусийн хиллачул а алсам.