ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОМОН-ца летта Нохчийчуьра вахархо Джумаев чохь латтон хьелаш чIагIдина йуха а


Джумаев Сайд-Мухьаммад
Джумаев Сайд-Мухьаммад

Москвахь йоьдучу митингехь ОМОН-н ницкъахошца тийсавелла хилла Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад кхин а тIе шогачу хьелашкахь латтон дехьаваьккхина. Цунах лаьцна Джумаевн гергарчара дийцина RusNews гIирсан корреспонденте.

"Вон раж талхочарна" леринчу камеран кепехь йолчу йукъарчу (ЕПКТ) Iойле дехьаваьккхина Джумаев, цу чуьра тутмакхаш дIакъастабо массо а хIуманах, бакъонашна а доза туху церан.

Дагадоуьйту, 2023-чу шеран йуьххьехь цхьана баттахь шозза гIуданан изолятор чу кхачийра Джумаев. Дуьххьара Джумаев ШИЗО воьллинера дечкен-бутт бовш – хIетахь бахьана хууш дацара, амма цуьнан ненайишас бахарехь, колонин администраци Джумаевн чиллан-беттан 3-чохь хила деза ненаца цхьанакхетар юкъахдаккха гIертара. Цул тIаьхьа ненаца цхьаьнакхийтира Джумаев, дисциплинаран комиссино сацамбира йуха а шогачу хьелашка иза дехьаваккха: чохь цIано йан дуьхьал валарна.

  • МГУ-н хилла Нохчийчуьра студент леттера ницкъахойх дечкен-беттан 23-чохь Москвахь, Навальный Алексейн гIо лоцуш хIоттийначу акцихь. ОМОН-н масех белхахочунна Джумаев дуьхьал тийсалуш видео шуьйра яьржира социалан машанашкахь. Полицино лаца кхайкхийра студент. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу депутато Делимханов Адама дош делира Джумаевна "низамца" гIо дан, нагахь санна, Навальныйна гIо латточуьра иза сацахь.
  • Дечкен-беттан 28-чохь лецира студент Псковн кIоштахь, хетарехь, Евробертан доза хадон хьийзачу хенахь. Джумаевна бехкбиллира зуламан кхаа эпизодехь Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна аьлла. 2021-чу шеран Мангал-беттан 19-чохь Москварчу Тверской кIоштан кхело юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь даккха пхи шо хан туьйхира цунна. 2022-чу шеран Чиллан-баттахь Москва гIалин кхело сацам тIечIагIбира. Оьрсийчохь дIайохийначу бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхийн тептаре ваьккхира Джумаев.
  • 2024-чу шеран дечкен-бутт бовш ЕПКТ дехьаваьккхира Оьрсийчоьнан оппозицин политик Кара-Мурза Владимир а, пачхьалкхана йамарт хилла, оьрсийн эскарх фейкаш йазйина, "оьшуш йоцчу" организацихь дакъа а лаьцна аьлла бехкевинчу цунна набахтехь даккха 25 шо хан тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG