ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОМОН-н белхахойх летта аьлла таIзар дина нохчо Джумаев цхьана беттачохь шолгIа ШИЗО хьажийна


Джумаев Сайд-Мухьаммад кхелехь. Архивера сурт
Джумаев Сайд-Мухьаммад кхелехь. Архивера сурт

Москварчу митингехь омонхойх латарна таIазр дина Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад юха а гIуданан изолятор чу воьллина чиллан-беттан 13-чохь, хаамбина инстаграмехь цуьнан ненайишас. 10 дей-буьйсий доккхур ду Джумаевс ШИЗО-хь, цхьана беттачохь шолгIа хилла ду иза.

Публикацихь йаздарехь, цунна таIзар дан бахьана даьлла чохь цIанйан дуьхьалваларна, амма Джумаевн ненайишас чIагIдо, дисциплинина тIехь терго латто комисси ненаца иза цхьаьнакхеттачул тIаьхьа дуьхьалйаьллера аьлла. Цул совнах, цо бина бу сацам тутмакх цул тIаьхьа шогачу хьелашка воккхуш. Оцу рожехь дIахадош ду таIзар токхучо шена дойу ахча, арахула волавала луш йолу хан, гергарчаьрца цхьанакхета бакъо, сецайо посылкаш. Иштта оцу тутмакхна доьхку хенал а хьалха набахтера аравалар.

Хьалхо Джумаев ШИЗО воьллинера дечкен-бутт бовш – хIетахь бахьана хууш дацара, амма цуьнан ненайишина хетарехь, колонин администраци Джумаевн чиллан-беттан 3-чохь хила деза ненаца цхьанакхетар юкъахдаккха гIертара.

Хаамбора, Джумаев юьхьанца хан такха Владимиран кIоштарчу Покров гIалара колони хьажийна, цул тIаьхьа – Тамбовн кIоштара номер 1 йолчу колони. Набахтен куьйгалле телефон туьйхира Кавказ.Реалиин редакцино, амма жоп ца делира.

  • МГУ-н хилла Нохчийчуьра студент леттера ницкъахойх дечкен-беттан 23-чохь Москвахь, Навальный Алексейн гIо лоцуш хIоттийначу акцихь. ОМОН-н масех белхахочунна Джумаев дуьхьал тийсалуш видео шуьйра яьржира социалан машанашкахь. Полицино лаца кхайкхийра студент. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу депутато Делимханов Адама дош делира Джумаевна "низамца" гIо дан, нагахь санна, Навальныйна гIо латточуьра иза сацахь.
  • Дечкен-беттан 28-чохь лецира студент Псковн кIоштахь, хетарехь, Евробертан доза хадон хьийзачу хенахь. Джумаевна бехкбиллира зуламан кхаа эпизодехь Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна аьлла. 202I-чу шеран Мангал-беттан I9-чохь Москварчу Тверской кIоштан кхело юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь даккха пхи шо хан туьйхира цунна. 2022-чу шеран Чиллан-баттахь Москва гIалин кхело сацам тIечIагIбира. Оьрсийчохь дIайохийначу бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхийн тептаре ваьккхира Джумаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG