ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Омонхойх тийсаваларна хан тоьхначу нохчочуьнга хеттарш дан лиънера Навальныйн гIуллакхехула


Джумаев Сайд-Мухьамад

Москварчу митингехь Омонхойх летарна таIзар токху Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьамад волчу талламхо веанера, оппозицин политикех Навальный Алексейх лаьцна тутмакхе хеттарш дан. Цунах лаьцна яздина Джумаевн йишас къевлинчу инстаграм-аккаунтехь, адвокатца къамел хиллачул тIаьхьа, хаамбо Кавказ.Реалиино.

Цо бахарехь, Джумаев дуьхьалваьлла жоьпаш дала. Кхел йинчун гергарчо "маразм" ю аьлла цунах, билгалдаьккхина, 2021-чу шеран Дечкен-баттахь Навальныйгахьа а, боллу политикан тутмакхашкахьа а йолчу митингехь иза ларамза нисвелла хилар а, оппозиционер цунна цкъа а вевзаш ца хилар а.

Хьалхо Джумаев дехьаваьккхинера Владимирскан кIоштарчу Покров гIалахь йолчу колони, цигахь латтош вара Навальный Алексей а. Оцу колонехь Нохчийчуьра вахархочунна 11 дей-буьйсий туьйхира гIуданан изоляторчохь даккха, кега-мерса кхо низам дохийина аьлла. Карарчу хенахь Тамбовн кIоштарчу Зеленый олучу эвлара ИК-3 колони дехьаваьккхина Джумаев, - цигахь дехьаваккха кечвечу юкъанна кхин а тIе 15 дей-буьйсий тоьхна цунна ШИЗО-хь дакккха. ТаIзар динчун ненайишина хетарехь, "лалур доцу" хьелаш ду цунна хIиттош.

  • Нохчийчуьра МГУ-н хилла студент леттера ницкъахойх Дечкен-беттан 23-чохь Москвахь, акци хIоттийнера Навальный Алексейн гIо лоцуш. ОМОН-н масех белхахочунна Джумаев дуьхьал тийсалуш видео шуьйра яьржира социалан машанашкахь. Полицино лаца кхайкхийра студент. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу депутато Делимханов Адама дош делира Джумаевна "низамца" гIо дан, нагахь санна, Навальныйна гIо латточуьра иза сацахь.
  • Дечкен-беттан 23-чохь лецира студент Псковн кIоштахь, хетарехь, Евробертан доза хадон хьийзачу хенахь. Джумаевна бехкбиллира зуламан кхаа эпизодехь Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна аьлла. 202I-чу шеран Мангал-беттан 19-чохь Москварчу Тверской кIоштан кхело юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь даккха пхи шо хан туьйхира цунна. 2022-чу шеран Чиллан-баттахь Москва гIалин кхело сацам тIечIагIбира. Оьрсийчохь дIайохийначу бакъоларъяран «Мемориал» центро политикан тутмакхийн тептаре ваьккхира Джумаев.
  • Оппозицин политик Навальный Алексей лецира Оьрсийчохь, дIавш деллачул тIаьхьа шена Германехь дарба а дайтина, цIакхаьчча. 2021-чу шарахь «Ив Роше» гIуллакхехула цунна кхайкхийна хилла хан яккха Владимирскан кIоштара Покров гIаларчу ИК-2 хьажийра иза. Зазадокху-баттахь Москварчу Лефортовн кIоштан кхело политикна исс шо хан кхайкхийра шогачу хьелашкахь йолчу колонехь даккха, кхел цаларарна а, ахчанашца кийтарлонаш лелорна а. Политикан агIончийн шеконаш яц, цунна тIаьхьабовлар политикан бахьанашца хиларх.
  • Дечкен-бутт бовш- Чиллан-беттан юьххьехь а Оьрсийчохь Iедалхошкара пурба а доцуш, протестан акцеш дIаяьхьира оппозиционер Навальныйгахьа. Дуккха а нах лийцира хIетаь. Оцу юкъанна полицино а, ОМОН-н белхахоша а къизалла лелайора, йеттара демонстрантхошна, электрошокерех пайдаоьцура. Лецначара аьрзнаш дора полицехь бала хьегийтарна а, спецприемникашкахь адамашна догIу хьелаш цахиларна а. Протестан акцин декъашхой балхара а, доьшучуьра а дIабоху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG