ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грозненский рабочий" - 100 шо: Кхин мел дехар ду газет?


Кху шарахь 100 шо кхаьчна "Грозненский рабочий" цIе йолчу газетан. Иза кхечарна юкъахь уггаре а къенаниг ду. Советан Iедал 1917-чу шарахь дIахIоьттича дуьйна зорбане дала доладеллера иза.Дуьххьара цуьнан цIе "Товарищ" хилла.

Цхьа шо даьлча "Известия Советов рабочих и военных депутатов Грозненского района", цул тIаьхьа "Красный повстанец" а, "Красный труд" а, "Нефтерабочий" а, эххара а "Грозненский рабочий" цIе тиллина. Цуьнца хIинца а девзаш ду иза.

Цуьнан долахо махкахь вевзаш волу журналист Мурадов Муса ву. 1982-чу шарахь Москвара пачхьалкхан университет чекх а яьккхина цIа веача дуьйна шен дахар а, болх а оцу газетца доьзна ду цуьнан.

"Грозненский рабочий" газетан долахо Мурадов Муса.
"Грозненский рабочий" газетан долахо Мурадов Муса.

Советан Iедал дохар бахьана долуш, редакцино шен гуламехь ша хIоттийра газетан коьрте, бохуш дийцира цо: "Соьга хаьттича, коммунистийн Iедал дохар бахьана дара иза. Иза доьхна ца хиллехьара оцу газетан коьрте нохчи хIотто аьтто хир бара аьлла ца хета суна. Иштта, редакцино шен гуламехь со коьрта редактор хIоттийра".

ТIеман заманахь а, дуьхь-дуьхьал лаьттачеран агIонаш ца лаца каяьлла "Грозненский рабочийн". Юкъараллехь и бахьанехь цуьнан рейтинг чIогIа лекха а хилла, цундела меттигерчу журналисташна чIогIа сийлахь хеташ а дара цигахь болх бар, амма мил-милла а хIуттуш а ца хилла.

Коьртаниг – муьлххачу хаамийн гIирсана бозуш боцуш хилар ду аьлла хета Мурадов Мусана: "Суна хетарехь, дозуш доцу газет Iедална оппозицехь ду бохург дац. Иза ша ду бохург ду. Шен гIирсаца. Дешархой болу дела, цара иза доьшу дела, арадолуш ду иза. Оппозицехь ду боху газет Iедале ян гIерта парти ялахь а, я кхин белахь а, цара арахоьцу газет ду. Ткъа, "Грозненский рабочий" газет, со цигахь коьртехь волуш дуьйна цкъа а оппозици олу меттиг лаьцна дац".

Тахана электронан версица арадолуш бен дац 100 шо кхаьчна "Грозненский рабочий" газет. Кехатан зорбанехь газет кху заманахь оьший теша бохуш дуьйцу цхьацца эксперташа.

Уьш сихбелла аьлла хета шена газет дIадолла, элира Мурадов Мусас: "Кехатан зорба тухучу газетийн хан дIаяьлла боху къамелаш до дукха хан ю. Иза нийса ца хета суна. Мобилан телефонаш юкъаевлла дукха хан ю. Царах дукхачара пайда оьцуш бу. Амма чохь латто телефонаш кIеззиг лелош ялахь а, уьш дIайохуш яц наха. Керлачу гIирсо тIаьхьа-м тотту, амма кехатан зорба туху газет а, журналаш а дIадаха деза бохурш сихбелла моьтту суна".

ТIаьхьарчу шерашкахь "Грозненский рабочий" газет Москварчу цхьацца бизнесхоша гIо а деш, арахоьцуш дара. ХIинцаиза а доцуш, сецна лаьтташ ду газет. Теша-м теша Мурадов Муса а, цуьнан дешархой а, тIейогIучу заманахь, Нохчийчуьра уггаре а къена газет кхин а деххачу шерашкахь зорбане дериг хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG