ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН-н Инарла ассамблейхь шайна дош доьху тIалибаша


 Шахин Мохьаммад Сухайль
Шахин Мохьаммад Сухайль

Афганистанан Iедале юхабаьхкинчу тIалибаша ("Талибан" болам террорхойн организаци санна Оьрсийчохь йихкина ю) дехар дина кху кIиранах Нью-Йоркехь йоьдучу ООН-н Инарла ассамблейхь дистхила шайна дош ло аьлла. Свобода Радионо бина цунах лаьцна хаам. ООН-н инарла секретаран векало Гутерриш Антониус хаамбарца, дуьненаюкъарчу организацин куьйгалхочуьнга кехат кхаьчна "Талибанера", лаккхарчу тIегIанехь дебаташкахь дакъалацийта шайга аьлла.

Дехар кхаьчна кху беттан 20-чохь. ТIалибийн Iедалехь арахьарчу гIуллакхийн министр волчу Муттаки Iамир Хана куьйгъяздина ду оцу кехатна.

Кехата тIехь цо тидам тIеузу, Афганистанан хилла президент ГIани Ашраф байначу беттан 15-чохь "вохийна" хиларна а, дуьненчуьрчу пачхьалкхашкаша иза "президент лоруш цахиларна" а. Ткъа ООН-ехь Афганистанан цIарах посол хиллачу Исакзай Гулама кхин дIа "пачхьалкхан векал вац", билгалдоккху Муттакис. Керла, кхин дIа гуттар а хинволу тIалибийн векал Шахин Мохьаммад Сухайля ву аьлла, цIе яьккхина цара. Иза вара "Талибанан" Катарехь хиллачу дуьненаюкъарчу дийцаршкахь пресс-секретарь.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто хаамбина, ООН-е бахка лаарх тIалибаша даийтинчу кехатах лаьцна шайна хууш ду аьлла. Цхьаьнатоьхна Штаташ а ю организацин комитетан декъашхойн могIарехь бакъонаш толлучарлахь. Амма цкъачунна Пачхьалкхан департамент ца хIутту, комитето бен болу сацам муха хир бу ала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG